Тахана, изза гӏирс айъина, изза аьлла баьхкинарш хӏорш пхоьалгӏаниш бара. Чевнаш хилларш шайн йарташка дӏакхоьхьура цара, ткъа байъинарш лаха чу гулбора. Уьш дӏабохка кешнаш долийнера. Хьалха баьхкинчех ши турко Мӏаьчигах а, Къосамах а тоьхна, Чорина каш даккха хьовсийнера ӏелас.
– Баркалла, совбол, Дела реза хуьлда шуна! – корта теӏабора ӏелас. – Тхан веллачунна каш доккхуш ду. Чов хилларг цкъа кхузахь вуьтур ву оха. Кхечаьрга хьовса шу. Дела реза хуьлда шуна! – нохчийн а, гӏумкий а меттанаш едеш, цхьа таро йира цо.
Ши стаг, шаьшшиъ оьший хьажа йуха а схьакхетар ву аьлла, шайн лами а айъина, дӏавахара.
Дахкарлахула лаха чуьра хьала, декъий гулдина охьадехкинчуьра, схьахезара орцахбевлла баьхкинчу меттигерчу зударийн тайп-тайпана меттанашкахь цӏогӏане маьхьарий:
– Вай, лми!
– Вай-мэ!
– Вай худаи!
– Вай, дада!
Цкъа узарш а долийна, тӏаккха жимма ӏийча, сийсара санна, харцлен вуьйлира Аьрзу. Маккхале, Берсега, Солтамурде, ӏумме, Атабига, Шоӏипе кхойкхура. Оьгӏазе дов дора Мусина, Сайдуллина, Эмин-пашина. Доьӏучу сица кийрара схьа тов детталора.
Дедаьллачу хенахь, цӏеххьана дагар а сецна, садаӏар а тоделла, ши бӏаьрг беллабелира Аьрзун. Ӏелега а хьаьжна, хи дийхира цо. Ӏелас жимачу кита чохь бете даьхьна хи лаххьийна дӏа а мелла, доккха са а даьккхина, хиллачух бакъдерг шега дийцаре догдохуш санна, хӏиттина бӏаьргаш вешина тӏе а боьгӏна, сецира иза. Амма ӏелас жоп ца лора. Мелхо а, иза кхоьрура, кхетаме веана, самаваьллачу Аьрзуна селханлерчу дийнан эрчо хаарна. Кхоьрура, цунна шен нийсархо, лулахо, бераллехь дуьйна шеца ирс, хало а йоькъуш схьавеана бӏаьхаллин доттагӏ – велла ӏуьллу Чора – гарна. Амма и ца хууш дуьсийла йацара. Делахь а, хилларг ца хууш дӏайоьду хӏор а минот Аьрзун могашаллина пайдехь хетара цунна.
– Чора… дӏаваха? – хаьттира цо эххар а.
Ӏела воьхна хьаьвзира.
– Иза суна хууш ма ду, ӏела. Чора дийна вац, боху сан даго… Дӏаволлаза ву иза? Даим санна, иза сайна йуххехь хета-кх…
Ӏела вист ца хилира, ткъа Эсет йелха хӏоьттира.
1. Вай, лми! - Суна хилла бохам (курдойн маттахь).
2. Вай-мэ! изза гуьржийн маттахь.
3. Вай худаи - Вай сан Дела! (туркойн маттахь).
4. Вай, Дада! - Вай, Нана! (гуьржийн маттахь).