– Сох хӏун лачкъо гӏерта хьо, ӏела? Со вохарна кхоьру хьо? Вайна ганза… вай ӏовшаза хӏума ма ца дисна… Дуьне доладелчахьана адамашна гина, дуьне доххалц царна ган бисина берриг баланаш, бохамаш, ерчонаш… вайна гина, вайн шерашца дӏаихна… Вай цецдаха, вай стогаллех дохо хӏума хир ду ца моьтту суна… къемата адам махьшаре лоьхкучу дийнахь а… Къонахаллех, собарх ма вохалахь, ӏела, сайн ницкъ тоахь, хьоьга дан весет ду сан. Чора… дӏавоьллиний аш? – шолгӏа а хаьттира цо.
Легашка гӏерта шад а сецош, корта ластийра ӏелас.
– Оцу мисканех хӏун хили?
– Хьанах? – ца кхийтира ӏела.
– Нахах. Вайн накъостех…
Кӏелхьарвала кхин некъ ца хилча, дӏаса а ца хьийзош, ма-дарра дӏадийцира ӏелас.
– Туркойн эскарша, тӏе йаккхий тоьпаш тоьхна, йухабаьхна. Цхьаберш хьаннашца баржийна, дукхахберш, лецна, гонаха ха а хӏоттийна, кӏегарбигна. Баьржинарш лоьхуш, маьркӏажан бода боллалц хӏара хьаннаш къажйира цара.
Аьрзун кийрара узам белира.
– И хиларна кхийрира со… Хӏетте а, теша ца лиира. Мухха делахь а… вайца цхьана динехь болчу бусалбанаша хӏара дийр дац моьттура… Доцца аьлча… нахана луург дина… хьалхавелира-кх… Кхузахь ӏаьна кӏел баханехь а… лийр бара… Байъинарш дукха буй?
– Хаац, мел бу. Дикка-м бу уьш. Зударий, бераш, къенаниш. Чевнаш хилларш бу дуккха а.
– Царах… хӏун деш ду?
– Гондӏа йарташкара орца деана тахана. Туркой, гуьржий, курдой, эрмалой. Чевнаш хилларш йарташка дӏакхоьхьу цара. Байъинарш дӏабухкуш гӏо до.
– Дела реза хуьлда царна… цӏахь а, арахь а… Мичча махка вахча а, ша санна, гӏийланиг… ваша караво-кх стагана… Цхьана къомах хьовха, цхьана нанас вина велахь а… хьалдерг накъост вац гӏийлачун… Мисканаш, шаьш санна… мискачарна, гӏийлачарна… орцахбевлла-кх… Дала дуьненахь а, эхартахь а… декъалбойла уьш. Вайн беллачарна Дала гечдойла, эхарт мукъана а… декъала дойла церан… ӏела, цуьнга хьажийтахьа со… Кху харц дуьненара дӏавалале, цуьнга доггах цкъа бӏаьрг тоха ас…
– Ахь хьаьнга хьажийта боху, Аьрзу? – тӏе охьатаьӏира ӏела.
– Чорега…
Шена гӏоьнна Мӏаьчиггий, Къосаммий вало вахара ӏела.