Ткъа цунна жоп дала отрядан цхьа а снаряд йацара. Цхьана метте йаккхийчу тобанашца гулбала кхоьрура салтий. Хьалха тоьхна хаьлжиг йолуш бердан йистехь лаьтта графан четар, цигара дӏа а даккхий, тӏехьа хӏоттаде бохуш, Воронцовна тӏеоьхура эпсарш. Амма, уьш тергал ца беш, Воронцов, английски газеташ доьшуш, четар чохь вижина ӏуьллура.
Эххар а, 18-чу июнехь, делкъал тӏаьхьа, Мескитана тӏехула ирхйаханчу ракето дукха сатийсина кхаъ беара отрядна. Оцу дийнахь а, буса а хезара Мескитахь а, Гати-Юьртахь а хаддаза бен тӏом.
Шолгӏачу дийнахь ӏуьйранна исс сахьт долуш Шовхал-Берд дӏа а лаьцна, шеца 5 батальон, 8 рота гӏашлой, донан гӏалгӏазкхийн кхоъ сотни, 13 йоккха топ йалош Воронцовна тӏекхечира инарла Фрейтаг.
Краснина уллохь Наполеонна тӏехь толам баккхаза висинчу инарла-адъютантан графан Воронцовн «Сухарийн экспедици» нохчийн хьаннашкахь, йийсаре бигна байнарш боцурш, дуьххьалдӏа вийна 4 инарла а, 186 эпсар а, виъ эзар гергга салти а, обоз, йаккхий тоьпаш а йуьсуш, чекхйелира.
Ткъа йерриг а отряд хӏаллакьхиларх йа йийсаре нисйаларх кӏелхьарйаьккхинарг Гати-Юьртара Муцӏин ӏоса вара. Воронцовс Фрейтагна тӏехьажийначу пхеа стагах виъ нохчаша схьалаьцнера. Оцу меттигашкахь вина а, кхиъна а волчу ӏосас, бага эрз лаьцна, Яьсса-хин бухахула охьа Гезлойн-гӏопе а веана, цигара инарлина Фрейтагна тӏе Воронцовн отрядах лаьцна хаам кхачийра.
«Даргински экспедици» эхье чекхйаьллехь а, императоро Николай ӏ-чо графах Воронцовх, Сийлахьчу Элан дарже а воккхуш, цунна дукхайезачу Курински полкан шеф вира. Ткъа ӏосин некха тӏе мидал оьллира.
Паччахьан эскарш Яьсси а, Ямсу а хишца йолчу йарташна тӏелеташ даим а царна хьалха хуьлура ӏоса. Наха дуьйцура, и эскарш цо доьхий даладо бохуш. Иштта-м дацара иза. Шен жимачу чинах ӏехавелла лелара а, йа ша кхин а лакхаваларе сатийсара а хаац, йа шен халкъана йукъа а вирзина, ша машаре вехар ву бохучух догдиллина лелара а хаац, амма ӏосас къиза бекхам оьцура нохчийн йартех.
Паччахьан эскаршца ша лома вогӏуш, деккъа цхьа хӏума дара цунна новкъа: даим а цунна дуьхьалвуьйлура цуьнан ши ваша а, пхи кӏант а.
1. Значок, жима байракх