Гуттар а цунна новкъа хирг, и кхоьрург шен жимахволу кӏант Дакаш вара. Мел къизачу экханна а йеза шен кӏорнеш. Ша мел къиза велахь а, ӏосина дезара шен бераш. Къаьсттина дукхавезара цунна дуткъачу дегӏара, шуьйра белшаш, йуткъа гӏодайукъ а, сийна ши бӏаьрг а болуш, даим а самукъане, хьекъале, майра Дакаш. Ша лома масазза вогӏу гора цунна иза, тур буйнахь сирачу динан кхеса тӏе а теӏаш, массарал хьалха тӏамна йукъахехкалуш.
Вежарий а, важа виъ кӏант а валарх башха новкъадогӏур дацара ӏосина. Масане вежарий, кӏентий байъина оцу тӏамо, амма, хьомсарчу Дакашна хӏума хиларна кхоьруш, дог детталора даим а.
Цхьана дийнахь ӏоса сапаргӏат вогӏура Нохчмахка. Иза дара Дакашан нускал гучудоккхуш ловзар хуьлу де. И де хьалххе билгал а дина, Внезапни-гӏопара шеца гӏалгӏазкхийн отряд а йалош, Яьссиний, Ямсуний йуккъехула Аьккхийн дукъаца хьалавогӏура ӏоса. Мини-Тогӏех а ваьлла, Бехачу Боьрахула дукъа тӏе хьалаваьлча, цунна гира Гати-Юрт. Хезара ловзаран гӏовгӏа а, дуьйлу герзаш а. Цунна хаьара, цхьа сахьт далале и ловзар соцур дуйла а, цигара нах, цхьа иттех минотехь дойш тӏе а хевшина, Яьссил сехьабевр буйла а.
Гӏалгӏазкхийн отряд Аьккхийн дукъах хьалайолучу хенахь гуттар мӏаькделира ловзар. Бакъду, кхузахь хӏиттийна даарш-маларш дацара. Локхуш зурма а йацара. Ловзарш а, маларш а, томка а, хелхарш а Шемала дихкинера нахана. Сакъоьру зама йац хӏара. Хӏор а чӏир кхобуш хила веза гӏазотехь беллачийн, бохамаша хьерчочу Даймехкан. Хьарам кхайкхийнера мостагӏчун гӏиллакхаш, амалш, духарш, ловзарш, дерриг а. Амма муьлххачу балехь а шайн самукъанечу амалх ца буху нах, хилларш дитина, къоначу бӏаьхочун ловзарга хьийзара. Хӏораннан а йукъахдихкина герзаш, нуьйраш техкина, кийчча лаьтта дой. Сахьт дац кхераман. Массо минотехь цунна кийча хила веза. Амма йаххьаш йелайелла, йекхайелла йу. Мехкарша хелхаран эшарш лоькху, массара тӏараш детта. Йукъахара герзаш а сецош, каде хелхахьийза кегийраш. Шайн ӏаьржачу бӏаьргашца церан дегнех алу йетташ, гонаха хьийза мехкарий. Ши куьг даржийна, ловзарна йукъа а оьккхий, самукъане богу сийна ши бӏаьрг мехкарийн йаххьаш тӏехула а кхерстош, байн ког шаршош,