Цуьнан бӏаьрг тӏехӏоьттинчу хӏор а ӏеламчин а, наибан а кортош охьадахара. Чергазийн Ибрахӏим, гӏебартойн Хьаьжа-Нурулла, нохчийн ӏусман а вара имаме майрра хьоьжург.
Шемала бӏаьргаш тӏекъевлира. Тӏаккха ӏаьрбийн маттахь меллашчу мукъамца гӏийлла байт элира:
Сайн дегӏан гӏагӏ хетта
Со тешна вежарий,
Де доьхна висинчохь,
Мостагӏий хилира.
Со ларван кечдина
Уьш пхерчий хеттера,
Амма уьш сан даг тӏе
Хьовсийна хиллера…
– Хьо бакъ ву, майра Бир Коьз , – маслаӏатна йукъавуьйлира Гӏеза-Махьма. – Гӏалаташ, цатемаш дага ца лоьцур вай тахана. Кханалерчу дийнахь Дала къастор харц а, бакъ а. Имам, кийча ду тхо хьан омране ладогӏа.
Собар доцуш, сиха стаг ву Бойсагӏар. Шемалан пурба доцуш цунна тӏевогӏург а, шен дагахь дерг дуьххьал схьаала ваьхьаш верг а веккъа и цхьаъ ву. Кӏиллолла бохург хӏун йу ца хаьа Бойсагӏарна. Иза майра а, доьналла долуш а, тешаме а хиларна, дерриг а гечдо цунна имамо.
Къармазечу Бойсагӏара доьхначу тӏе а дохийнера имаман дог, хӏорш чукхойкхуш ала кечдинарг, даьржина, дайра.
– Хӏаъа, гӏуллакхаш вон ду, майра лом Бойсагӏар, – элира эххар а Шемала, гӏовгӏа дӏатийча. – Нохчийчоь йоьжна. Хӏинца шайн берриг ницкъаш Дагестанна дуьхьал гулбина оьрсаша. Вайн кӏажаш хьоьшуш, тӏаьхьавогӏу Уч Коьз. Салатавехула, Темирхан-Шурахула цунна дуьхьалдогӏуш ду инарлин Врангелан эскарш. Гуьржехара схьадаьхкина эскарш ду Гӏойсица схьадогӏуш. Кхаа агӏорхула го беш бу вайна. Гаурш-м хала а ца хетара суна. Халаниг а, ӏаьткъарг а кхин ду. Ткъа шо, пхийтта шо хьалха санна, кхузара йерриг йарташ, цхьа а тайпа дуьхьало ца йеш, мостагӏчуьнгахьа йуьйлу. Со мегарг Даьргӏал аравала а кхиале, шаьш царна муьтӏахь хиларна тоьшалла деш, гауршна тӏе векалш бахийтина ӏаьндоша, ашильтоша, согӏратӏлахоша, гӏимроша, унцӏукӏлахоша, гоцӏатӏлахоша, хунзахоша, дарадахоша а. Кибит-Махьмас суна дуьхьалйаьхна тӏилитӏлахойн а, карахийн а йарташ. Дениелбека лаьзгийн йарташ гӏовттийна суна дуьхьал. Ахь ма-аллара, со даймехкан лаьтта тӏе ма-веллинехь, байтулмалан а, сан сайн а мулк талий…
– Собарде ахь, имам, жимма дехьаваьлча, тӏера шарбал йоккхур йу хьан, тӏаккха корта боккхур бу йа гауршна вухкур ву.
1. Бир Коьз - цхьа бӏаьрг (гӏумкийн маттахь), Бойсагӏарх олуш хилла.