Цхьана чами ахьарх!
Имам оьгӏазе дӏаьхьаьжира, шен цхьаъ бен боцчу пхьаьрсан гола месалчу куйна тӏе а гӏортийна, куьйга корта а лаьцна, тевжина ӏачу Бойсагӏаре. Амма шен багара араэккха кечделла шога дош, цергаш таӏийна, сацийра Шемала. Тӏехула тӏе, хӏуьттаренна ца алахь, Бойсагӏаре ала хӏумма а дацара. Бакъ ма лоьра иза.
– Гунибе дӏадаха кечло! – дах ца деш, омрица чекхдаьккхира имамо шен къамел.
Цӏа чохь тийналла хӏоьттира. Цхьаммо а хаттар ца деш йа дуьхьал дош ца олуш. Имаман омрина резахилира а хаац, йа кхерабелла ӏара а хаац.
– Хӏан, Гунибе дӏа-м гӏур дара вай, тӏаккха хӏун хир ду? – ца ӏавелира Бойсагӏар.
– Тӏаккха хиндерг Далла хаьа, майра Бир Коьз, – дохийна жоп делира имамо, доккха са а доккхуш. – Вешан оьмар чекхйаьллехь, лийр ду, ца йаьллехь, дуьсур ду ӏожаллин де тӏекхаччалц.
– Гаурех тӏаьххьара а летта лийр ду цигахь. Гунибал дика чӏагӏо йац мостагӏ вохо! – элира Дибира ал Хунзахис.
– Тӏом бан меттиг лоьхуш, девдда лела вай кху ткъа дийнахь?
– Гуниб дика чӏагӏо йу мостагӏчунна дуьхьал.
– Аш дуьхьало ца йеш мостагӏчунна дӏайелла Согӏратӏла, Ахульго, Гергебал ледара чӏагӏонаш йара ткъа? Уьш санна, Гуниб а дӏайала доьлху вай цига?
– Бойсагӏар, хьайна тхоьца дӏаван ца лаахь, хьайн нохчашца йухаверза пурба ду хьуна!
– Хьан пурбане хьоьжуш хӏумма а дац сан!
– Хьо хӏун деш ӏа ткъа?
– Шемалан дедоьхча, бенойн Бойсагӏар цунах дӏакъаьсти боху цӏе сайна ца тиллийта вогӏу.
– Цаваьллачу денна вогӏу вайца, – ӏоттар йира йуха а неӏарехь лаьттачу Дибира ал Хунзахис. – Хьалххе вада ца кхиъна, хӏинца тӏаьхьа ду.
– Хӏумма а тӏаьхьа дац, – жоп делира Бойсагӏара. – Хӏор а дийнахь гаурашкахьа дӏауьдуш бац шун наибаш, ӏеламчаш? Шуьца Гунибе дӏавогӏур ву со. Шу гӏазотехь леташ леш хьажа. И дийр ма дац аш. Гаурийн кара гӏур ду. Тӏаккха, Дибир, со йухавоьрзур ву тхешан хьаннашка. Сайна чохь са а долуш, кара гӏур вац. Летар ву, тӏаьххьара саоззалц. Со ӏемина вац ида. Ткъа шу ӏемина.
Кеста-кестта девне бовлу и тӏехбеттамаш кху тӏаьххьарчу шерашкахь кӏезиг ца хуьлура нохчашний, дагестанхошний йуккъехь. Хьалхарчара шолгӏаниш бехкебора, царна нохчийн хьаннашкахь тӏом бан а ца хаьа йа лаа а ца лаьа, Шемала Нохчийчохь хӏитто церан наибаш цхьа а тайпа тӏеман корматалла йоцуш бу бохуш.