Букъа тӏехьа ши куьг а дуьллий, лохха назманан мукъам а беш вогӏу иза. Наггахь, саца а соций, бӏаьргашна тӏехула куьг а лоций, хьалха дӏахьоьжу. Тӏаккха а дӏаволало. Цунний, Мансурний йуккъехь ши километр хиллал некъ бу. И некъ цхьана сохьтехь бина Матас. Иза бӏаьргана къайлаваллалц хуий а ӏай, тӏаккха тӏаьхьавоьду Мансур. Хӏинца а, иза йуьрта вулуш воллуш гича, хьалагӏеттина, шен ларчанах тасавелира Мансур. Ларча-м йайн йу. Кхузткъе итт шарахь дуьненахь ваьхначу, шовзткъе пхийтта шарахь къахьегначу къеначу Матина бисина бахам и бу. Наманганехь жоьлгаша лачкъийна цо оццул леррина ӏалашдина духар а: даточу бустамашца кечдина ӏаьржачу исхарин чоа а, дато доьхка а, хьеса кӏужалшца кечйина кӏайн башлакх а, бухаройн боьмаша куй а, кӏеда ши маьхьси а. Шо хьалха оцу духарца йара детица кхелина шаьлта а. Амма иза хӏорш махках бохучу дийнахь, цхьана майорл хьажийта ло аьлла, Матегара схьа а эцна, шен йукъах йихкира. Хӏинца къеначу Матин атталха духар а дац. Иэттӏа, калда а йаьлла кхозу тӏаьххьара гӏовтал, аьхна хеча а, тӏергӏан пазаташ а, калош а. Йукъах дихкина гата а… Цхьадика, ӏаламо къинхетам бина, хӏара денош маьлхе, довха а даьхки. Иштта а ца хиллехь, хӏун дийр дара цаьршимма. Новкъахь даьхначу денойх дукхахйолу хан йерзинчу стигла кӏел йоккхуш ма ву и шиъ. Милцоша буса вокзалан залашна чохь а ца вуьтура. Чайханщикашна а ца дезара хӏара мезаша дуьзна ши адам. Мезий-м гуш а ма дацара. Матина йовхарийн цамгар йара. Сих-сиха йогӏучу йовхаршца цо дӏатуьйсура йуккъе цӏийн пхенаш а хӏиттина соьзе шат. Йуххедаьккхина лелош даьсса консервин гӏутакх дара цуьнан. И йовхарш йара вокзалехь а, чайханахь а, цӏерпоштан вагон чохь а нахана и шиъ совваьккхинарг, цушиннах адам къехкарг. Делахь а, дерриге адамаш а ма дац вон. Адамалла йерш дукха ма бу. Цара дӏатарвора тхов кӏел, рагӏу кӏел. Нагахь, цхьа хӏума а лачкъийна, вадахь олий, цаьршиннан документаш шайга дӏа а оьций.
Сийсара а цхьана маьӏӏаргонна арахь вуьсура и шиъ. Цхьадика, йурта йуккъерчу пхьалгӏин неӏаре нисвелла и шиъ пхьеро ша волчу чохь витира буьйса йаккха.