Кхин йохка а, хийца а хӏума йац. Таьлсаш-м ду. Амма, хьанна оьшу уьш?
Лаха чуьра хьала узбекийн иллин мукъам хезара. Герга мел гӏоьрти, Мансурна озах хиира иза кегийрех стаг вуйла. Иштта дан а дара иза. Некъо голатуххучохь цунна тӏеӏоттавелира вира тӏехь вогӏу цул воккхо узбекийн кӏант. Тӏейуьйхина кӏайн-сийна моханаш йолуш халат, йукъах дихкина цӏен йовлакх, четахь книгаш. Новкъара нацкъар а ца волуш ӏачу Мансурах бӏаьрг кхетча, кӏентан илли цӏеххьана хедира, ткъа тӏекхаьчча вир а, корта сандар[9 - Сандар баьккхина – агӏор а баьккхина] а баьккхина, сецира.
– Хӏара хӏун йурт йу? – хаьттира Мансура.
– Янги-Курган.
– Ткъа Караташ район гена йуй?
– Дӏогахь, лаьмнашкахь, – хьала пӏелг хьажийра кӏанта.
Изза олура селхана дуьйна дӏа мел хаьттинчо. Мархашна а, дахкарна а йукъахьаьрчина го и ӏаьржа лаьмнаш генахь а дац, сарале шаьшшиъ царна тӏе хьала вер ву моьттура Мансурна селхана. Ткъа уьш, тӏе мел гӏоьрти дӏахуьлуш санна, хӏинца а генахь дара.
– Маса километр некъ бу цига?
– Ткъе итт-шовзткъа.
«Кхин некъахьовзам боцуш дӏагӏойла хилахь а, шина дийна некъ бу-кх, – ойла йора Мансура, кӏентан четарчу книгашка а хьоьжуш. – Схьахетарехь, школера вогӏуш ву хӏара. Милици йуй-те кхузахь аьлла, хаьттича, хӏун дара-те…? Хӏан-хӏа. Цецвер ву тӏаккха».
– Район йу кху йуьртахь?
– Муха – район? – ца кхийтира кӏант.
– Масала, районан берриге хьаькамаш болуш хуьлуш йолу йурт йуй хӏара?
– Хӏаъ, йу.
«Хӏета, милици а йу-кх кхузахь. Тӏекхаьч-кхаьччачо ша-ша бен ца лоцу моьттуш, йуьртара аравалале, иттаза лоцур ву».
– Доьшуш хир ву хьо?
– Ву.
– Масалгӏачу классехь?
– Иссалгӏачу.
«Тхо махках ца даьхнехь, со а хир вара Михайловскехь хьехархойн техникумехь доьшуш…»
– Тахана хӏун терахь ду? – тӏаьххьара а хаттар дира Мансура.
– Ткъе кхоалгӏа февраль.
– Баркалла хьуна, дӏагlo…, – йуьстах ваьлла, кӏантана некъ битира Мансура. Ткъа кӏанта шен вир, шина а чоьже кӏажаш а таӏийна, хьалха човхийра. Кегийчу гӏулчашца чабол эцна вир бердашна йуккъехь къайлайелира.