дагна хилла чов ца йоьрзуш, синтем байна хьийза, хӏинца хьох гӏайгӏа а хилла лела иза. Вайн ирсан, вайн даймехкан дуьхьа шен дахар дӏаделлачу хьайн ден, тахана гена Польшехь фашистех леташ волчу хьайн вешин, йерриге халонаш эшош, шена там-товр ца лоьхуш, церан дуьхьа кху цӏахь дийнахь-буса а къахьоьгучу хьайн ненан жимма мукъа а ойла йан йезара ахь. Хьан хенара пионераш, фронтехь фашистех леташ, халкъан турпалхой а хилла, дӏахӏиттина, ткъа хьо… Дийцина а хӏун до цуьнан!
Николай Кузьмича, пхьаьрсийн голаш стоьла тӏе а хӏиттош, шина куьйга корта а лаьцна, охьа а таьӏна, доккха садаьккхира. Митька корта а оллийна хӏоьтина лаьттара.
– Уроке гӏо ший а. Амма, хаалахь, Митя, нагахь ишттаниг хьох йуха а далахь, хьо школера дӏавоккхург хилар.
Митя сихха араиккхира, ткъа Берса, меттах а ца хьовш, ша лаьттачохь сецира.
– Вало, Берса, уроке дӏагӏо, – букъа тӏе дайн куьг дуьллуш, шеца хьалха дӏаозийра иза Валентина Андреевнас.
– Со жимма тӏаьхьа соцу, Валентина Андреевна, – элира вукхо, хьала а ца таьӏаш.
Валентина Андреевна бӏаьргашца хаттар деш Николай Кузьмиче хьаьжира.
– ӏадвитахьа, Валентина Андреевна. Тӏаьхьа тӏевогӏур ву иза.
Берсин цхьадолчу аматаша Николай Кузьмична дагавоуьйтура 1942-чу шарахь тӏамехь шен бӏаьхаллин хьуьнаршца берриге махкахь гӏараваьлла хилла нохчийн кӏант Нурадилов Ханпаша. Сталинград мостагӏех ларйеш турпала воьжна иза дӏавоьллинера Донан лаьттахь. Иза дара Николай Кузьмична чов хилале нийсса кхо бутт хьалха. Бакъду, Николай Кузьмична и ша цкъа а ца гинера. Амма цунна дика дагадогӏура иза вийначул тӏаьхьа Донски фронтан политурхалло арахецна плакат. Хӏинца а шена гуш санна хетара оцу тӏера къоначу нохчийн кӏентан сурт. Маж-мекх далаза горга йуьхь, баккъал а аьрзучух тера майра хьажар, некха тӏехь Цӏечу Байракхан а, Цӏечу Седанан а ши орден. Советски Союзан Турпалхочун цӏе вийначул тӏаьхьа йелира цунна.
Хӏетахь Ханпашех лаьцна поэто Долматовскийс йаздина, бӏаьхойн уггар дезачех цхьаъ хилла дӏахӏоьттина илли хӏинца а дагахь хаьара Николай Кузьмична, хӏинца а, цкъацкъа, ша висча, лоххачу озаца шена олуш меттигаш а йора. Дагахь лаьттара плакатан цхьадолу могӏанаш а: