… «Тӏемало-наьрт, тӏемало-аьрзу, тӏемало-рыцарь – иза йу турпалхочун-пулеметчикан, гвардин старши сержантан, комсомольцан Нурадилов Ханпашин бакъ цӏе…
…Нурадилов Ханпашас шега схьаэцнера доьналла долчу нохчийн халкъан тоьлла гӏиллакхаш: цуьнан турпалалла а, аьрзунан каделла а, цуьнан майралла а, къонахалла а, доьналла а…
… Нурадиловс шен пулеметца 920 фашист хӏаллаквина…
… Хьажал хьо, бӏаьхо, ламанан аьрзунан, турпалчу пулеметчикан Нурадилов Ханпашин суьрте! Кавказан турпалан, нохчийн халкъан кӏентан бӏаьхаллин хьуьнарш тӏамехь доьналлин масал хуьлда хьуна а, хьан накъосташна а…
…Тӏамехь кхерам хӏун йу ма хаалахь, нохчийн халкъан доьналла долчу кӏанта ма-ешайарра, майрра эшайелахь ӏожалла…»
Дерриге а шен фронтан дахарехь политрук хилла Николай Кузьмич, газеташ доьшуш, дукхазза а тӏеӏитталора нохчийн халкъан кӏенташкара дийлинчу тӏеман хьуьнарех лаьцна долчу дийцаршна. Амма даиманна а цуьнан даг чохь висинарг Ханпаша вара. Ца дицдора тӏаьхьа «Известия» тӏехь ша дешна Нурадиловн коша тӏехь цуьнан командиро диначу къамелера довха дешнаш а:
«Ламанан аьрзу! Иллеш дукхадезара цунна. Дӏадевр ду шераш. Керлачу, хазачу зӏаьнаршца лепар ду вайн дахар. Ткьа Нохч-Гӏалгӏайчоьнан ирсечу кегийраша, Донан мехкарша, Украинан кӏенташа гвардин старши сержантах Нурадилов Ханпашех иллеш бохур ду».
Уьш дерриге а цхьана секундехь хьаьвзира Николай Кузьмичан коьртехь. Ткъа Берса, дӏавоьгӏча санна, ша хӏоьттинчохь меттах ца хьовш лаьттара. Хьехархо, и шиъ шаьшша а витина, арайелира.
– Берса, хьан соьца гӏуллакх ду? – хаьттира цо, шен ойланаш дӏа а лаьхкина.
Кӏанта, вист ца хуьлуш, корта таӏийра.
– Схьадийцал, цӏахь бохам-м ца хилла вайна? Воккха стаг цомгаш хилла?
Берсас корта ластийра.
– Йа хьо хьо могаш вац? Го суна, хӏокху деношкахь йуьхь тӏера бос байна, гӏийла ву хьо. Цӏахь йуург йац хьан? Схьавоьл суна улло.
Берса, тӏе а вахана, Николай Кузьмична хьалхха дӏахӏоьттира.
– Йу. Со а ву могаш.
– Ткъа хӏун хилла хьуна?
– Николай Кузьмич, со сайн бехкенна ца летта Митех…
– Иза-м суна хууш ма ду. Ас-м ца вира хьо бехке. Цунна сецнера хьо?
– Хӏа-хӏа. Митька коьртехь волуш цхьа