статьяш йийшира ас. Дуьззинчу шина бӏе шарахь цара турпала къийсам латтийна шайн къоман маршонехьа паччахьан колонизаторшна дуьхьал. Оцу шина бӏешеран къийсамехь паччахьан инарлаша къиза хӏаллакбина уьш. Байъина, Сибире хьийсийна, эзарнаш доьзалш Турце кхалхийна. Со чӏогӏа цецвуьйлу и халкъ дуьззина хӏаллак ца хиларх. Шайн коча доьллинчу олаллица машар бан ца туьгуш, турпала къийсам латтош, Октябрьски революцина тӏе а баьхкина, уггар хьалха революцигахьа а бевлла, шайн махкахь советски ӏедал а хӏоттийна, социализман толамехьа жигара къахьегна цара. Сайна хиъначо соьга кхин а кӏорга ойла йайтира. Шайн къоман маршонехьа, мехкан бозушцахиларехьа дуьненахь а уггар йоккхачу, нуьцкъалчу империна дуьхьал иттаннаш шерашкахь къийсам латталур ма бацара бандиташка, къизачу, йамартчу халкъе. Революцин хьалхарчу деношкахь цуьнгахьа а бевлла, шайн махка тӏехь советан ӏедал хӏоттор дарий-те бандиташа, йамартхоша? Оцу хаттаршна жоьпаш лоьхура ас. «Хӏан-хӏа, царна тӏехь йинарг ирча харцо йу, – бохура ас сайга. – Царна йукъахь йамарт, зуламе нах хилла хир бу. Уьш хӏор а халкъах бовлу. Амма йамарт, зуламе халкъ хилла а дац, йа хила йиш а йац. Адам доьхна лелачу кху тӏеман заманах пайда а эцна, партина а, халкъана а ца хууш, йа парти а, халкъаш а ӏехийна, халкъан мостагӏаша дина гӏуллакх ду иза. Цуьнан шеко йац. Иштта, бехк боцуш бехке ца вира со? Иштта, бехк боцуш бехке а бина, хӏаллак ца бина партина, халкъана тешаме сан накъостий, доттагӏий?» Амма сайн и ойланаш ас лачкъийра. Кхераме йу иштта ойланаш. Хӏун дан деза аьлча, оцу гӏуллакхна дуьхьалдӏа маӏашца тӏе а ца гӏерташ, флангехула тӏеваха веза. Хьехархошна, берашна и халкъ довзийтича, церан цуьнга безам гӏуриг хиларх дог тешна ву со. Историн урокашкахь теманаш йу Кавказски тӏамах, Шемалах лаьцна. Оьрсийн сийлахь-баккхийчу йаздархоша нохчех лаьцна боккхачу безамца йазйина произведенеш а йу. Урокехь а, урокал арахьа а царах пайдаэцча?
Хӏетталц кхоьлина, гӏайгӏане хилла Николай Кузьмичан йуьхь цӏеххьана йекхайелира.
– Баркалла хьуна, Рахманкул Жапарович, – тӏе а вахана, Юсуповн чӏоггӏа куьг лецира Николай Кузьмича. – Со гӏалатах