ларварна а, суна нийса некъ гайтарна а, баркалла хьуна. Тховса цхьа план а хӏоттийна, йуха а цкъа хьох дагавер ву со.
«Ой, и дагадан-м ма дезара суна! – ша-шех цецвуьйлура Николай Кузьмич тӏаьхь-тӏаьхьа а. Баккъалла а аьлча, приказца тӏетеӏорах нислур долуш хӏума а ма дац хӏара. Приказ – приказ ду. Рахманкула ма-аллара, коьртаниг – цара шаьш дийриг кхеташ, шаьш дечух тешаш дар ма ду. Рахьманкула дуьххьал схьа ца аьллехь а, йеккъа мершок а йу со. Амма дика болх а хилла-кх Машас со хӏокхунна тӏехьажийна…»
…Багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, буса вехха ӏийра Николай Кузьмич оцу гӏуллакхан ойла йеш. Уггар хьалха цо схьалаьцнарг иссалгӏачу классан учебника тӏера дӏадаханчу бӏешеран кавказски ламанхоша паччахьан колонизаторшна дуьхьал латтийначу къийсамах лаьцна тема йара. Оцу къийсамехь йоккха меттиг дӏа ма лаьцна барамехь царалахь уггар доккха хиллачу нохчийн къомо. Маркса, Энгельса, оьрсийн прогрессивни интеллигенцис а оцу заманахь нохчийн халкъан лаккхара мах хадош аьлла дуккха довха дешнаш а ма ду. Ткъа граждански тӏеман заманахь? Сталинан, Орджоникидзен, Кировн белхаш боьшуш, иза ду-кха тӏе ма ӏиттавелла цара нохчех лаьцна йаздинчу могӏанашна.
Николай Кузьмичан йуьхь цӏеххьана йекхайелира. Нохчийн халкъан истори а ӏамийна, школехь дешархошца исторически суьйре вовшахтоьхча? Дуьххьалдӏа, цхьа бахьана а доцуш иза дар-м дика а хир дац. Машас ма-аьллара, ас гӏалат далийта а тарло. Нохчий реабилитировать бан гӏертарг хир ву со. Дерриге а дӏадоло деза иссалгӏачу классехь. Тӏекхочуш йолчу дӏадаханчу бӏешарахь ламанхоша шайн къоман маршонехьа латтийначу къийсаман темина тӏера. Оцу урокашна дика кечам а бина, берийн тидам царна тӏехьовзо беза. Кхузахь гӏо далур ду Машега а. Оьрсийн йаздархойн дахар а, кхолларалла а Кавказца чӏогӏа йоьзна ма йу. Оцу дерригенах лаьцна йолу литература гул а йина, школан библиотекехь выставка йича?
…Массо а цецваьллера хьехош а йоцу педсовет директороцӏеххьана гулйарх. Школехь болх а дика дӏабоьдура, дерриге гул а делла, дийцар дан оьшуш гучудаьлла гӏуллакх а дацара. Берриге членаш схьагулбелча, чувеанчу Николай Кузьмича, ша хиьна ӏачуьра