Хӏара дуьне иштта декъаза дуучул, нахана бала а хилла дехачул, делла дӏадовлар гӏоле ма йу, боху хьан даго. Амма хьан дагна бала бинарг, хьан садуург, хьуна хьайн цамгар а, гонаха хьийза ӏожалла а йицйинарг кхин ду. Ахь ойла йо делла шаьшшиъ кху чуьра арадоккху долчу дийнан. Тезет хӏотто йуьртахой а бац, кадам дӏаэца гергарниг а вац, тӏаьххьарчу новкъа ваккха нийсарой а бац. Шаьш делча, лийчо, марчо хьарчо, сагӏа даккха, мел кхайкхо стаг хир вац-кх, боху хьан даго. Цул а дазделла хьуна шайл тӏаьхьа кӏант висар. Цуьнан дола дан стаг цависар. Бакъ дуй и, Мохьмад?
Ши бӏаьрг хьаббина, ладоьгӏуш ӏачу Мохьмада меллаша кхузза корта таӏийра:
– Бакъду иза, ӏалха. Сан дагахь дерг цӏенна схьадийци ахь.
– Амма оцу агӏор ахь сагатдан ца оьшу, Мохьмад. Сингаттамо йолчу тӏе а чӏагӏйо цамгар, ӏожалла гергауьйзу. Хьан сапаргӏат мел хили дегӏа тӏера цамгар сиха дӏаайбалур йу. Генахь бисина хьоме Даймох, байлахь дисина дай-нанойн кешнаш йукъа а лоцуш, дуй биъна, ас дош ло хьуна, нагахь, цхьа Делан болх хилла, сайл хьалха хьан а, хӏусамненан а ӏожалла хилахь, сайн да-нана санна, лоруш, царна тӏехь айса дендерг шуьшинна тӏехь деш, шуьшиъ дӏадолла а, шен нахана тӏекхаччалц, хӏокху лаьттачу шун кӏентан сайн кӏентан, вешин ас дендолу дола дан а. Нагахь ас хӏара сайн дуй къарбахь, хьуна деллачу дашах со вохахь, Дала хьуна дуьхьал йуьхьӏаьржа а валавойла со!
Делкъанна йуург йохьуш чуйеанчу лорйишас йукъахдаьккхира ӏалхин къамел.
– Гой хьуна, жима стаг, дада дика ӏаш ву. – Мусан белшах куьг туьйхира цо. – Ткъа хьо воьхна хьийзара. Хӏинца арадовлар доьху шуьга, накъостий. Цомгашчунна дика дац дукха лер. Хӏокхо хӏума кхалла а йеза.
ӏалха хьалагӏеттира.
– Амма шуьшинна хӏума хила йиш йац, Мохьмад. Шуьшиъ, Дала мукъалахь, толур ду. Схьало хьайн куьг. Меттахъхьен пурба дац хьуна, – Мохьмадан куьг схьа а лаьцна, тӏе охьа а таьӏна, цуьнан некхах шен накха туьйхира ӏалхас – Марша ӏойла хьо! Вайн везачу Дала маршалла дойла хьуна! Варийлахь, цхьана а хӏуманна са ма гатделахь. Дала диканна цхьаьнатухийла вай.
Цаьршинга хьоьжуш хӏоьттина лаьттачу Мусана гира ден балдаш дегалуш, дазделла бӏаьрнегӏарш тохалуш, царна йуккъера схьа ӏовдаделла бӏаьрхин тӏадамаш, хебаршка ихначу мокхачу беснешна тӏехула меллаша шершаш кӏайчу можа йукъа а доьлла, довш.