Тахана дог декхаделла, дегӏ дайделла райисполкоман председателан кабинета чуьра арайелира Анастасия Федоровна.
Исполкоман председатело Турсунбековс цуьнга бешийтина спецпереселенцашна гӏодаран хьокъехь болу правительствон сацамаш. Цӏенош-бахам вовшахтоха ахча а, машанна даьхний доло цхьацца бежана а лур ду царна. Цул сов, пачхьалкхо нохчашна хӏор а син цӏарах ло йалта а жимма алсамдаьккхина. Дукха ца леш, тӏедогӏучу йалташна дуьхьал гӏур бац-те уьш…
Кертах дӏатесна лаьтта шен говр схьайаста ойла хилла, цкъа дуьрстанан урх схьа а лаьцна, йуха а дӏахийцира цо. Дерриге гӏуллакхаш чекх а ца дохуш, цӏа гӏойла а ма дац. Комендатуре а йахана, нохчийн хьокъехь дагайала дезаш дуккха а гӏуллакхаш ду Анастасия Федоровнин. Нохчашна йукъахь нисло хӏинца а гӏадданза наггахь стаг. Цхьаццаволчун аьтто хилла шайн долара безачу механ хӏуманаш шаьш махках дохучу дийнахь кӏелхьарйаха.Цхьаццаволчун доьзал жима а, кегий бераш цахиларо а аьтто бина. Иштта, гай йуьзна, дегӏехь ницкъ болчу цхьамма шен зудчунна тӏе зуда йалийна. Цхьана стеган ши зуда хиларх-м кху махкахь башха тамаша а ца бора. И шираллех дисина гӏуллакх ӏедало дукха хан йоццуш дӏадаьккхина меттигерчу бахархошна йукъара. Хӏинца а нисло къайллах шиъ-кхоъ зуда кхобуш узбек, киргиз. Амма уьш мацах цкъа балийнарш бу. Кху тӏаьххьарчу шарахь, зудчунна тӏе зуда а йалийна, уьш ший а цхьана стагехь йехаш меттиг хилла йац. Хӏинца ишттаниг нохчашлахь долалуш лаьтта. Кхузткъе итт шо хенарчу воккхачу стага бухарчу зудчунна тӏе йоӏ-стаг йалийна. Кӏел хӏотта тхов а, даа-мала а доцуш, вала верас воцуш йисина и йоӏ а йахана цуьнга.
Ткъа воккхачу стага ӏедалх лечкъадо иза ша шена йерзийна хилар. Хӏара да-нана делла йисина шен гергарчу нехан йоӏ йу, цундела, тӏе а лаьцна, кхобуш йу, боху цо. Йоӏа а чӏагӏдо изза. Ткъа гӏуллакх иштта цахилар Настина шера го.
Йуьртахь нохчийн маситта бер ду, ткъа царах школе лелаш йалх бен дац…