Амма нохчий спецпереселенцаш бу. Цаьрца доьзна кхолладелла гӏуллакх – иза жима делахь а, доккха делахь а – комендатурехула къасто дезаш хуьлу. Хьалха кхузахь комендант хиллачу Чалийца дерриге а гӏуллакхаш дика дӏанисдора цо. Хӏокхо санна, нохчех къахеташ, доглозуш, церан гӏуллакхна шен са дӏаделла, болх бора Чалийс. Амма иза цхьа бутт хьалха, кхузара дӏа а ваьккхина, кхечахьа балха вахийтина. Ткъа мила, муха стаг ву-те керла комендант?
Цхьа хӏума-м йаздеш стоьла тӏе йуьхьар а вахана хиъна ӏачу коменданто, маршалла а хоттуш, Анастасия Федоровна чоьхьайаьлча, шен балхах йукъах ца волуш, цунна неӏарехь гӏант гайтира.
– Хьайн гӏуллакх схьадийца ахь, гражданочка, нохчаша йа къоладина, йа йиттина хьуна?
Анастасия Федоровна цецйелира.
– Суна-м иза а, йа важа а ца дина нохчаша. Со Покровкехь йуьртстоветан председатель йу. Хьуна ма хаъара, цигахь бехаш нохчий бу. Церан хьашт-дезарех лаьцна хьоьца къамел дан йеанера со.
– Хӏаъа, суна йуьйцу хезна хьо. Васильева Анастасия Федоровна. Девзаш хир ду вайша. Сан фамили Кривошеев йу. Иван Харитонович. Сол хьалха хиллачу коменданто Чалийс а, ахь а нохчий, шайн тӏома кӏел боьхкина, кхаьбна бохуш, дийцина соьга. Йоккха гуманизм йу иза-м. Схьадийцал. Со ладугӏуш ву.
Анастасия Федоровнас цхьаъ ца дуьтуш дӏадийцира нохчашкара хала хьал, оцу халачу хьоло уьш зуламашна тӏететтар, комендатуро жимма а шен гӏо лаьцча, нохчашка и цхьадолу зуламе гӏуллакхаш ца леладайта а, цаьрга хӏоьттина хала хьал жимма аттачу даккха таронаш хилар а. Ша и дуьйцуш, аз дегадора, легашка шад хӏуьттура Анастасия Федоровнин. Тӏулг белхабалла инзаре ирча дара цо дуьйцург. Амма Кривошеевн йеакӏов йуьхьа тӏехь цхьа а тайпа хийцам ца хаалора. Оцу чохь цхьа а адам доцуш санна, шеквоцуш ла а доьгӏуш, шен болх бора цо.
– Дийцина йелин хьо? – хаьттира цо, Анастасия Федоровна къамел дечуьра сецча. – Оцу къеначу стеган бухарчу зудчо арз диний хьоьга, шена тӏе зуда йалийна аьлла?
– Ца дина.
– Къеначу стага йигначу йоӏа арз диний хьоьга, ша шена ца везачу къеначу стага нуьцкъах маре йигна аьлла?
– Ца дина.
– Дай-наноша аьрзнаш дой хьоьга, шайн бераш доьшуш дац бохуш?
– Ца до.