— Хӏун бӏогӏамаш дуьйцу техьа хьо кӏанта? – олуш готтачу коре дерзийра йоккхачу стага шен мератӏехь догӏаделла дохку стаммий бӏаьргаш долу куьзганаш. Амма Ребӏатна-м ца гора голашна тӏе а хӏоьттина кора бӏаьргашна тӏе бӏаьрг а биллина цхьана инзарен хӏумане санна арахьоьжуш волчу жимчу кӏантана гуш дерг. Кӏантаца цхьана готтачу коре-м тарлучохь а дацара баба, цундела:
— Вало, арадолу вайшиъ, охьахиъна ӏийна когаш лацабелла сан а, — олуш голашна тӏе куьйгаш гӏортош хьалаайъйелира Ребӏат.
Кӏант-м гуттар а хазахета ша воллучохь буьхьиг санна ирх кхоссалуш, ловзаволуш хьалаиккхира. Сиха паднарна тӏера чуиккхина цӏе санна сиха тӏекхийтира и шен кегийрачу берийн калошна. Дукха сихваларна шина калошна цхьана когаш чугӏортийна когауьйзира цо.
— Йалол хьо! Суна тӏаьхьахӏоттал хьо! Ас гойтур ду хьуна ас хьо ӏеха ца йойла! Хьо-м сох теша йоллуш а ма йаций! – бабина хьалха чура араитилира кӏант.
ӏуьйре тӏехъиккхинчу хенан аьхкенан бовхачу малхо нийсса неӏарна дуьхьала боьрзуш эсала хьаьстира жима кӏант а, цунна тӏехьа арайаьлла баба а, цуьнан буткъочу марана тӏехь ӏохку кьуьзганийн бӏаьргашна чохь ловза а болуш. Жимчу кӏанта-м кхин тергал а ца бира къежина гӏадбахна малх. И сихонца дӏахьаьдира лохачу цӏенон уьйченна доьгӏначу дуккха а кегийра куьзганбӏаьргаш долчу шина корана хьалха цӏенна дохала кетӏарчу ринжина тӏекхаччалц боьхкинчу жагӏийн готтачу гӏашлойн некъана асийна тӏехула. Йуьйцина йинчу кертана йуккъехь кевна хӏоттийначу деххачу зӏарийна уллохь тишачу аннийн йуьхигех динчу ринжех ара а хьаьдда кетӏахь сецира Сайдӏали, баба сихха шена тӏаьхьа йедда схьа ца йарна цецволуш вуха а воьрзуш.
Бабас-м маьлхан сий дира, шен хебаршка йахна йуьхь йовхачу зӏаьнаршка кховдийна йох а йойтуш. Жимма соцунгӏа хуьлуш иштта лаьттина йолайелира и шен хене хьаьжича дукха каден кетӏахь шен йоьӏан кӏант собар кхачийна шега хьоьжуш лаьттачу метте.
Кетӏахь-м дан а дара нийсса хӏокхеран кевна хьалххахь тарахтарна тӏаьхьатесинчу йехачу аьчган салазан тӏера охьадассош стаммийн, дукха нийса а, деха бӏогӏамий. Бӏогӏамий-м чкъурах цӏандина, шардина, тӏехула тӏе онда мазот а хьаькхина чӏогӏа хаза кечдина дара.