— Хьажал хьо! Гой хьуна? Хьо ца тешар, ас вайна бӏогӏамий деъна аьлча а! – везавийра кӏант, хӏинца-м улло йеъна охьадассочу бӏогӏамашка хьоьжуш лаьттачу шен ненан нанна.
— Ой, уьш-м вайна деъна даций. Ма хьекха мохь, нахана а хозийтуш, — кӏант кхетон гӏоьртира баба, шен мерана тӏера куьзганаш схьаэцна шен къорзачу зезагех йуьззина йолчу шуьйрачу кучан кисана а духкуш.
— Тӏаккха, вайна деъна дацахь, уьш вайн кетӏахь хӏунда дассош ду цара охьа! – халахетарца хьаьрчинера жимчу кӏентан йуьхьанца хилла хазахетар.
— Уьш пачхьалкхан бӏогӏамий ду. Цхьана хӏумана дассош ду уьш кхузахь. Цхьаъ йан доллу кхузахь ӏедал, — кхетон гӏертара баба жима кӏант.
Амма Сайдӏали-м хӏинца гуттар а карзахваьллера. Карзаха муха ца волу, гуш лаьтташехь, хӏокхунна шайна деъна моттаделла бӏогӏамаш хӏокхунна мила-хӏун ду а ца хууш долчу цхьана ӏедало шена дассош хилча кхеран кетӏахь. Кӏанта-м тоххарехь шен ойланашкахь ша оцу бӏогӏамех ден долу гӏуллакхаш а лоьруш дара. Шегара шен бӏогӏамий оцу ӏедало дӏадаьхча санна новкъадаьллера жимчу кӏантана хӏинца. «Эхӏ, и тарахтор санна воккха а, ницкъа болуш а велар-кха со! Ас гойтур дара хьуна тӏаккха-м оцу ӏедал бохучунна, сан кетӏара бӏогӏамий хьедан мегар доций!» — ойла хьаьвзира кӏентан жимчу коьрте.
— Де дика хуьлда хьан, Ребӏат! Ас, хьо гергарло долуш хиларна, хӏокху шун кӏетӏахь дассадойту хӏара бӏогӏамаш, — бабиний, кӏантаний улло гӏоьртира белхалойн духар дуьйхина шуьйрачу дегӏехь волу хӏинцца жималла дӏаиккхина волу цхьа стаг.
— Ой, Ахьмад, хьо ву и? Диканца дукхавехийла хьо а. Хӏумма а дацара и-м. Бехкен хӏума дац. ӏедалан некъ ма бу хӏара. Ткъа хьо ӏедалан стаг ву. Бӏогӏамаш охьадассийна ваьлча чувола, хьайн накъостий а балош. Ас хӏинцца кхехкон чай тӏехӏоттор ду, кхалла хӏума а кечйийр йу, — гӏиллакхе йелира Ребӏат.
— Хӏан-хӏа, Ребӏат, тхан болх хӏинцце бен бола а ца белла. Чудаьхкина ӏийр дац тхо. Гӏоза йуург-мерг хуьлда. Тхо сихо дохкуш ду, ахьа пурба лахь, сайн накъосташна гӏодан гӏур ву со, — дийхира Ахьмада.
— Гӏо хьо, амма шаьш мукъадевлича чу ца догӏуш дӏа ма гӏо-кх, — хьеший атта кӏелхьарбовлийтур боций дӏахаийтира Ребӏатас.