— Мегар ду йиш хилахь чудогӏур тхо, — олуш дӏаволавелира Ахьмад, амма соцуш вухавоьрзуш кхаъ боккхуш санна сирла велакъежира. Кестта радиога ладогӏан йиш хир йу шун. Бӏогӏамаш лаьттах а доьгӏна царнна тӏехула серий тосура долуш ду оха, радио схьайалон.
Ахьмад дӏаволавелла ца ваьллера, Сайдӏалис Бабин кучайух ийзош. Шена тӏе тидам багӏийта гӏерташ.
— Ба, баба, ва, баба! Ба! – сихвеллера и.
— Хӏун боху ахь? Ой, иштта собар доцуш хилан мегар ма дац, кӏант. Наха гӏиллакх доцуш ву эр ма ду хьуна.
— Мегар ду, кхин хир вац со сиха! Ба, баба, радиву хӏун йу? И хӏун йу? Хьуна хаьий радиву хӏун йу? – хӏинцца делла дош дицдеш сихвелира жима кӏант.
— Радиу? Радиу йу-кх, — жоп делира Ребӏатас.
— Муха радиу? И бохург хӏун ду? – ца кхеташ Бабина тӏевогӏавелира кӏант.
— Радиу иштта жима йаьшка йу-кх, чохь адамаша хабарш а дуьйцуш, эшарш а локхуш.
— Баба и ахьа хӏинца дуьйцург туьйра дуй? – ца кхийтира кӏант.
— Дац дера иза-м туьйра, хӏунда ду и туьйра? Туьйранаш ас хьуна буьйсана дӏавуьжуш бен ма ца дуьйцу.
— Йаьшкано хабар муха дуьйцур ду туьйранахь санна? – ойла йора кӏанта.
— Вайн эвлайуккъехь боккха кад санна радиу йу, буьйса йуккъе йаххалца цу чухула хабарш дуьйцу, эшарш а лоькху. Кестта вайн йуртахь массеран а чохь хир йу шайн радиуш, — бегаш бечух тера дацара бабас.
Амма химчу кӏантана цкъа а гина йацара радиу. Цунна-м бабас ша ӏехаво моьттура. Бабас-м кест-кестта бегашена хьовзавора жима Сайдӏали, цхьацца забарш йеш.
— Ба, ахьа со ӏехаво йаьшкано, кедо хабарш муха дуьйцур ду? Ахьа-м цара эшарш а лоькху боху. Хаза-м хир йу йаьшкий, кадий эшарш а лоькхуш хелха довлуш вовшенца, — гӏадвахна воьлура кӏант.
— Хелха-м ца йовла а мега уьш. Амма хӏума хуъчу наха аьлла-м ду тӏаьхьарчу хенахь йаьшкана чохь суьрташ гойтуш хир ду, аьлла. Дера ду хӏара ӏедал чӏогӏа говза а, ницкъ болуш а, — кӏентан самукъадаларх йелакъежаш элира Ребӏата.
— Баба, баба, мила ву и «ӏедал». И ахьа туьйранахь вийцина дожал-м вац и? – хаьттира кӏанта цӏаьххьана шегара оцу ӏедало дӏадаьхна бӏогӏамаш дагадаьхкина ойлане а хуьлуш.
— Дера йу и чӏогӏа хӏума «ӏедал», «Советан ӏедал»! Амма оцу ӏедална хӏинцалца коьртехь хилларг-м ӏаьржа дожал хилла а ца ӏара. Делан мостагӏ, саьрмак хиллера и.