иштта йуьхь-сибат а долуш, иштта ӏаьржа, йуькъа месаш а йолуш. Оцу дийнахь дуьххьара а, тӏаьххьара а йоӏе безамах лаьцна вистхиллера иза, дуьххьара а, тӏаьххьара а йоӏа кховдийна хи а меллера цо. Оцу йоӏа тӏе ца лецира цуьнан безам, шен дог кхечунна дӏаделла ша аьлла. Хьолахочун кӏант а, дешна а волу хӏара дӏа а теттина, къен а, цхьалха а волчу кхечу къоначу стаге йахара иза…
Цӏеххьана саметта веанчу некъахочунна гира, гуьлмаьндин тӏемаг бете а лаьцна, шега хи а кховдийна лаьтташ йолу къона йоӏ. Некъахо шега хьажавелча, шен ӏаьржа бӏаьргаш лаьтта дуьйгӏира йоӏа. Ца деззашехь, лаххьийна хи дӏа а мелла, зока йуха дӏакховдийра некъахочо.
– Баркалла хьуна. Хи мел дезачунна йезийла хьо, дуьненах йоккхаеш, Дала дукхайахайойла хьо.
Кӏудал белша тӏе а йиллина, цхьа-ши гӏулч некъахочунна тӏейеара йоӏ.
– Суна хетарехь, кху мехкан воцу хьаша ву хьо, – элира цо шовданах тера декачу озаца. – Йа кху махкара велахь а, гена некъара веана. Соьца дӏавола, оха веза хьаша вина тӏеоьцур ву хьо. Сан да а, йалх ваша а ву.
– Баркалла. Дала ийман-беркат ма эшадойла шун комаьршачу хӏусамера. Хӏинца сан гена ваха а ца деза. Дала ирс ма дойийла хьан.
Йоӏ дӏайахча, шен чамди чуьра саба а, гата а эцна вахана, шийлачу хица йуьхь-куьг а дилина, бедаршна тӏера чан йожийна, ӏаьӏан хьоькхарг хьаькхна, эткаш цӏанйира некъахочо. Тӏаккха, зока дуьззина хи а эцна, йуьстах бай тӏе охьа а хиъна, чамди чуьра гӏалахь дина бепиг а, кисанара схьабаьккхина нехчин межарг а охьа а биллина, делкъе йан вуьйлира иза.
Делкъе йина ваьлча, тужуркин чухуларчу жимачу кисанара схьадаьккхина, даточу зӏенах кхозу сахьт схьа а диллина, хене хьаьжира некъахо. Шолгӏа сахьт дара. Хӏинца цхьа а хир вацара округан канцелярехь.
Хӏара канцелярин цӏеношка вахча, гӏопан кевнехь, таьлсаш а, пӏаьлдигаш а охьа а хӏиттийна, тийна лаьтташ воккха стаг а, йоккха стаг а, кхин цхьа къона зуда а дара. Къоначу зудчун кучан йух лаьцна жима йоӏ а, кевне ши бӏаьрг а боьгӏна, иттех шо хенара кӏант а лаьттара. Попан кевнна дуьхьал, ураман вукху агӏор, жимачу туьканан кор хьала а диллина, сагатлуш, наб хьегӏаш, корехь лаьттара ира йуьхь, сеттина беха мара, цунна кӏел йуьхьигаш