ирххьовзийна дуткъий ӏаьржа мекхаш долу баккхалча а.
Дукха хан йалале гӏопера араваьлла, царна тӏевеара нохчо-эпсар. Даточу бустамашца кхелинчу исхаран чоин белшаш тӏехь подпоручикан погонаш а, йукъах дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а, хьалха узуш доьхкарх кхозуш тапча а йара цуьнан. Хьаьрсачу мекхех дайн куьг хьоькхуш, цигахь лаьттачу адамашна тӏевирзира иза:
– Шу стенна даьхкина?
– Тхешан лецна нах ган даьхкина… – жоп делира воккхачу стага.
– Мичара ву? Цӏе хӏун йу?
– Бенара. Сан цӏе Бакар йу. Кӏант ву сан кхузахь чувоьллина…
– Вевза суна. Шун йуьртдена тӏара тоьхний цо?
Воккха стаг воьхна хьаьвзира.
– Кӏентан бехк бацара… Налог йара цунна тӏехь, шина шеран… Дӏатакха ницкъ боцуш. Салтий а балош веана, цхьана болу цхьа йетт дӏабига гӏоьртира йуьртда… Кӏант иза ца бигийта дуьхьалвелира. Йуьртдас цунна нанна хьажийра… Тӏаккха кӏанта цунна тӏара туьйхира…
– Хьан мила ву кхузахь? – йоккхачу стагехьа вирзира эпсар.
– Кӏант ву… Цомгаш ву, боху, нана йаларг…
– Иза хӏун динчунна лаьцна?
– Теркал дехьа йолах болх бан ваханера иза. Бӏаьстенан йуьххьехь дуьйна гуьйранна ло диллалц ваьцна цхьана хьалдолчу гӏалгӏазкхичунна… Тӏаккха йал ца луш, тӏехьа мийра а тоьхна, кех ваьккхина. Тӏаккха, эвлах ваьлла, эрзалахь буьйса йоллалц ӏийна, нах бийшинчу хенахь йуха а вахана, оцу гӏалгӏазкхичунна шаьлта а тоьхна, ведда цӏа веанера… Ведда мича гӏур ву кху дуьненахь? Ӏедал ма ду массанхьа а. Цхьа бутт хьалха веанчу пурстопа, лаьцна, схьавалийна. Цомгаш ву, боху, нана йаларг… Кхоалгӏа де ду со кхуза схьайогӏу… Тӏе ца йуьтуш…
– Вевза суна и кӏант а. И обарг. Шуьшиъ мичара йу?
– Даьргӏара.
– Мила ву шуьшиннан кхузахь?
– Хӏокхуьнан хӏусамда ву, сан ваша а.
– Хӏун бехк баьлла цаьргара?
– Хьуьнах йаьлла лела говр йалийнера цо, – элира берашца йолчу зудчо. – Кхайкхийча, говран да ца велира. Ӏаьнан дохалла кхебира оха иза, тӏаккха, да ца ваьлча, йоьхкира. Ткъа иза ӏедалан говр хиллера…
Эпсаро, дуьхьал куьг тесна, корта ластийра.
– Тоийта! Хьан вашас а дина хир ду-кх цхьа галдаьлларг?
– Йуьртара нах ӏедална дуьхьалбаьхна аьлла, бехке вина, лаьцна.
Стенна дара а хаац, эпсаро, доккха са а даьӏна, шен кхалкъе беснеш, лелхийта