Шайн лехамаш командованис кхочуш ца бича, герзашца цхьаьна даймахка цӏа берза новкъа белира и ши бӏо. Амма царна тӏаьхьадаьккхинчу гӏалагӏазкхийн дошлойн эскаро, тӏаьхьа а кхиъна, го а бина, герз дӏа а даьккхина, йухабалийра. Дукха хан йалале ханна йолчу тӏеман-аренан суьдо Мукденехь кхел йира «бунтана» бехкечарна. Шина бӏон командирашна – нохчочунна Тасмахилов Пашиний, гӏебарточунна Керифов Зелам-Гериний – вен кхел йира. Шовзткъе йалх нохчочунний, ткъе шина гӏебарточунний Сибрехь каторгехь йаха итт шарера берхӏитта шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Уггар хьалха кхойттаннах шина бӏаьхочун – Гати-Юьртарчу Аьрзун Мохьмадан а, Аьрсамирзин Эламирзин а – суд хилале вада аьтто баьллера.
Тасмахилов Пашина вен йина кхел, тӏамехь цо гайтина майралла а, даккхий хьуьнарш а тидаме а эцна, дошлойн бригадан командиран эла Орбелианин а, инарла-адъютантан Мищенкон а дехарца, фронтах командующис – инарла-адъютанта Куропаткина – каторжни белхан итт шарца хийцира[2].
Шайн кӏезиг махкахой Генарчу Малхбалехь империалистийн тӏамна дуьхьал гӏовттар сихха хиира Нохчийчохь. Тӏамо жимайинчу Терско-Кубански дошлойн полкана керла йолахой вовшахтоха гӏертарх гӏуллакх ца хилира ӏедалан. Хьалха тӏаме баханчарна шарна 240 сом деллера, ткъа хӏинца 480 сом лора, амма Нохчийчохь ӏедална керла йолахой ца карийра. Шайн махкахошна йинчу къизачу кхело карзахбаьхначу ламанхошна йукъахь бунт эккхарна кхеравеллачу Кавказан наместникан дехарца Терско-Кубански дошлойн полк, фронтера цӏа а йалийна, дӏасахецнера.
Цхьана тобанехь дуьйцура, Россехь стражникийн декхарш кхочушдан йолахой лаха Нохчийчу цхьа полковник веана, цига воьдучунна шортта ахча а, говр а, тӏедуха-когадуха а ло, Мудар а, Расу а цига ваха резахилла бохуш.
Тӏаьххьара а дуьйцу керланиг дара Кавказан сардал Воронцо-Дашков Соьлжа-Гӏала вар. Нохчаша, гӏалгӏаша, хӏираша, гӏебартоша цуьнга мосазза а кехаташ йаздина хиллера, шайн латта кӏезиг ду, гӏалагӏазкхийн а, хьоладайн а долахь шортта мохк бу, цунах цхьажимма мукъана а шайна латта лахьара, налогаш а лахйахьара, ца догӏу гӏуданаш а ма деттийтахьара, шайн къаьмнийн гӏиллакхаш а, амалш а тидаме а оьцуш, паччахьан ӏедал тӏедале шайн ма-хиллара, йуьртан урхалла мукъана а шайгга харжийтахьара, шайгара ӏазап жимма мукъана а дайдахьара бохуш.