Нахана моьттура, ша Соьлжа-Гӏала веача, йарташкара лоруш болу нах шена тӏе а бехна, царах дагавуьйлуш, сардала нохчашкара хьал толлур ду. Иза аьттехьа а ца хиллера. Гатийуьртахоша къастийна Овхьад, ӏела, Ахьмад, Солта а витина, Саьӏад, Хьуьси, ӏабди, Инарла а вигира цига Галаевс. Уьш цигара цӏа баьхкича, хиира нахана, нохчийн дехарна жоп луш, йартийн урхалла харжа сардала бакъо йалар. И бакъо-м Устаргӏардойн-Эвлахь хиллачу гуламехь областан начальнико хьалххе ма йеллера царна. Ткъа латта далар а, налогаш лахйар а, гӏуданаш дӏадахар а, кхидерш а хьеха а ца дайтинера сардала.
Шеца кхо салти а валош, гатийуьртахошка йуьртда а, йуьртан урхалла а харжийта, кхуза веанера пурстоп Хамов.
Баккхийчу нехан тобанца волу Аьрсамирза, церан къамелашка ла а доьгӏуш, вист ца хуьлуш хиъна ӏара. Цуьнан дог ца догӏура оцу эладитанашка ладегӏа. Кӏантах хилларг цахааро боккха сингаттам бинера цуьнан дагна. Тӏамехь вийнехь а, дог диллина ӏийр вара иза. Накъостий санна, хан тоьхна, Сибрех вахийтинехь а, шен хан а текхна, цӏа вогӏур вара иза-м бохуш, ӏийр вара. Ткъа хилларг цахаар тӏех сингаттаме дара. И сингаттам гуттар а алсамбаьккхинера даим дӏа йоьлхучу йоккхачу стага. Валлахӏ, Аьрсамирзас дукха ма бехира кӏанте, ма гӏохьа цига, хьуна лучу ахчанах вай хьал долуш а хир дац, хьо цигахула дӏа а вахийтина, хьуна тӏаьхьа сагатдечул, тхойшинна мацалла далар гӏоли йу. Шен сацамна тӏера ца велира иза. Шен ден амалш йара цуьнан а. Цӏий сиха, ша аьллачунна тӏера йуха ца волуш. Йалх баттана шена йолана делла шийтта туьма хӏокху шинна цӏахь а дитина, вахна. Оцу ахчанах кхаа шаре йахана ши старгӏа ийцира Аьрсамирзас. Хӏинца ворданна, готанна божа а мегаш, къона ши сту хилла царах. Амма мел безчу мехах нисбелла цунна и шиъ къанвеллачу хенахь. Ткъа Солтханан Солта цигахь цхьа пхьарс а битина цӏа веана. Ший пхьарс йа ший ност йоцуш а, цӏа веана велара цуьнан Эламирза а, Аьрзун Мохьмад а.