Оцу зуламашна дуьхьал дуккха а сацамаш тӏеэцнера областан администрацис. 1905-чу шеран 14-чу декабрехь область тӏеман хьолехь кхайкхош омра а даьккхира областан начальника. Делахь а дӏадолийнарг кхиамза чекхдолура. Хӏинца хӏокху гуламо а ӏаламат мехала сацамаш тӏеэцна. Амма муьлхачу некъашца, муьлхачу гӏирсашца, ницкъашца кхочушбийр бу уьш? Хӏинццалц пайда эца гӏиртина гӏирсаш эрна хилла. Цунна гонаха дехха дийцарш, къийсамаш буьйлабелира. Оцу гӏуллакхана боккха тӏеман ницкъ а, цунна коьртехь хьекъале, доьналле, майра, тӏамехь зеделларг долу командираш а безар бу. Полицейскийн, жандармийн ницкъашца а, кепашца а къийсалур дац нохчашца. Цаьрца тӏом бан дезар ду, баккъал а болу тӏом!
Тӏеман ницкъаш болуш бу Нохчийчохь. Веданахь а, Шуьйтахь а, Чахкарахь а, кхечу масех гӏопехь а масех эзар салти ву. Станицашкахь маситта эзар гӏалагӏазкхи ву, цергашна тӏехӏотталц герзаца кечвелла. Округийн начальникаш, станицийн атаманаш бу. Майра а, хьекъале а, доьналле а, тӏамехь зеделларг долуш а. Кхин хӏун оьшу?
– Кхузарчу салташа тӏом бийр бац нохчашна дуьхьал. Йицйелла шуна 1905-чу шарахь Соьлжа-Гӏалахь халкъана дуьхьал герз айа цара сацам боллуш йина дуьхьало? Церан кортош чу дӏовш доьттина большевикаша. Уьш хӏинца а революцин ӏаткъамна кӏел бу. Шолгӏа-делахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь обаргийн а, кхечу зуламхойн а гӏеранашна тӏаьхьа таллар кхераме гӏуллакх ду. Хӏан-хӏа, кхузарчу эскарийн дакъошкара кӏезиг гӏо хир ду, йа хиллане а хир дац!
– Гӏалагӏазкхий массо агӏор жоп луш бу оцу гӏуллакхана. Майра а, доьналле а, тӏамехь бахчабелла дуккха а зеделларг долуш а. Уггар коьртаниг – нохчашкахьа цабезам а бу церан, мостагӏалла а ду. Нохчех бекхам эца лаам а бу церан. Амма уьш а, нохчийн йарташна таӏзарна балийча, нах а лоьций, бахархой а талабой, станицашка йухабоьрзу. Цкъа-делахь, нохчаша хаддаза тӏелетарш дечу шайн станицашна гена а бевлла, хан йаккха ца лаьа царна, шолгӏа-делахь, цӏахь доьзалш а, бахамаш а, белхаш а бу церан.
– Округийн начальникашший? Тӏеман духар а, погонаш-м лелайо цара. Олуш ма-хиллара, цкъа а молханан кӏуьрах хьожа баккхаза,