паркетни эпсарш бу уьш. Цхьаберш нохчийн зуламхойн гӏеранашца бертахь, цара йаьккхина хӏонц йукъахь йоькъуш бу, кхиберш кӏилло бу. Цул совнаха, нохчийн обаргаша шайна новкъаволу округан начальник а, эпсар а воь. Масала, Добровольский, Галаев, масех эпсар а. Нохчашна йуккъехь а вехаш, церан мостагӏ хила кхераме ду. Хӏоранна а деза шен са…
– Хӏета, майра, хьекъале, доьналле эпсарш, патриоташ бац-кх кху областехь?
– Майра а, хьекъале а, доьналле а эпсарш шортта бу, амма патриоташ бац. Патриотийн мах байбелла йа банне а бац. Цхьаболу эпсарш областан администрацехь, штабашкахь йовхачу, кхерамазечу меттигашка дӏатарбелла. Цхьаберш харц-бакъ а некъашца капитал а гулйина, особнякаш, виллаш йоьгӏна, дика говраш, пайтонаш тарйина, баха охьахевшина. Шайн зударшца, берашца парке а, гӏалел ара хазачу ӏаламе а, курорташка а садаӏа а лелаш. Иза гӏоли хета царна, патриоташ а хилла, шелах-йовхах, дорцах-хоттах лаьмнашкахула, хьаннашкахула обаргашна тӏаьхьа толлуш, ӏожаллина кӏел гӏертачул…
Хӏун дан деза?
Кӏелхьардовла некъ карийра. Майрачу, къизачу нахах цхьана ханна лаамхойн отряд кхолла. Царна, уьш резабеш, лаккхара йал а хӏоттош. Доггаха гӏуллакх деш гоьбевллачарна совгӏаташ а луш. Царна цхьа а доза ца тухуш, йаккхий бакъонаш а луш. Цара пачхьалкхан законаш талхийча, жоьпе а ца озош.
Оцу отрядана тӏехь куьйгалла дан командир лехира областехь. Дукханнан а цӏерш йехира. Хьекъалечеран цӏерш ца йохура. Майраниг, къизаниг, бӏаьрнегӏар ца тухуш, адамийн цӏий ӏано кийчаниг лоьхура. Ишттаниг Теркан областехь ца карийча, луларчу областашкахь лехира. Массо а реза хилира Кубанерчу гӏалагӏазкхийн атаманна Вербицкийна. Оьрсийн-японийн тӏамехь майралла а, доьналла а, тӏеман говзалла а, хьуьнарш а гайтина ву. Хӏара санначу гӏуллакх тӏехь зеделларг долуш а ву. Уггар коьртаниг – къинхетам бохург хӏун йу ца хууш, къиза а ву. Ламанхойн амалш а йевза. И йерриг шен амалш цо гайтина 1905-чу шарахь Пятигорскехь белхалойн болам цӏела карчош а, Дегӏастанахь обаргаш хӏаллакбеш а.
Цхьаболчеран шеко кхоллайелира, оцу отряде лаамхой карор буй-те аьлла. Царна а маслаӏат дира. Шортта карор бу, отряд-м