хьовха, дийнна дивизи, корпус кхолла а. Болх боцурш а, иза цабезарш а. Къа а ца хьоьгуш, атта баха луурш. Къаьркъанан цхьана шишанах шайн да-нана а дуьйр дерш.
Гуламо цхьабарт болуш сацам тӏеийцира областан начальникан декхарш ханна кхочушдечу инарла Михеевга дехар дан: областера зуламаш тӏаьххьара а, гуттаренна а орамашца бухдаха ӏалашо йолуш, лаамхойх вовшахтоьхна «ханна таллархойн отряд» кхоллар а, цуьнан коьрте Кубанерчу гӏалагӏазкхийн атаман, эскаран старшина Вербицкий хӏоттор а.
Гулам чекхбаьлча, комаьрша даарш-маларш а долуш, банкет хӏоттийра…
19 март. Соьлжа-Гӏалара цӏенойн коьчалла а эцна, говрийн гӏудалкхахь Шелковске цӏа вогӏу Умрихин Федор вийна. Цуьнан гӏудалкх а, говраш а, цӏенойн коьчалла а, 500 сом ахча а даьхьна нохчаша. Лар Мескар-Эвла йахана.
20 март. Кхо говр йоьжначу гӏудалкхахь цӏа вогӏу Дмитрий Ушерелев вийна нохчаша, говраш а, гӏудалкх а, 295 соьмах эцна товар а даьхьна. Дакъа Мескар-Эвлан махка тӏехь карийна.
23 июнь. Школяр Иванан рагӏу а дохош, ши сту бигна. Лар Гуьмсе йахана.
27 сентябрь. Станицера шен кӏотара воьдучу Саенко Аванна тӏелеттачу йалх нохчочо цуьнан ши говр йигна. Оццу буса кӏотарна тӏелеттачу нохчаша, жен-жӏаьла а дуьйш, уьстагӏий дигна. Лар Гуьмсехь сецна.
28 сентябрь. Суьйранна Саенкон жан гӏотина тӏелеттачу пхеа нохчочо жаӏунна Неберикутя Арефанна тӏе уьттазза тоьпаш тоьхна, цхьа а ца кхетта. Зуламхой Гуьмсехьа къайлабевлла.
1909 шо
12 январь. Нохчаша Саенко Силайн гӏотанна тӏелатар дина, цхьа уьстагӏ бийна, жа дига аьтто ца баьлла. Оццу буса Родиченко Федоран дохнан рагӏу тӏе тоьпаш йиттина, гериган тхов бохийна.
20 январь. Кахановски станицерчу Марафоновский Филлипана а, Иваненко Наумана а тӏелетта, кхо говр йигна.
21 июнь. Ведана слободера вогӏу Ребров Андрей, тӏера чоа а, карара пхи сом а, кхаллар а доккхуш, талийна пхеа нохчочо.
12 сентябрь. Говран ворданахь дечиг дохьуш вогӏучу Кахановскерчу ахархочуьнгара Чебаненко Иванера говр йаьккхина шина нохчочо. Говр Иласхан-Юьртан махка тӏехь гучуйаьлла.
30 сентябрь. Кахановски станице цӏа вогӏучу Бакуленко Евстрапана а, Цыбин Иосифна а