Гуьмсений, Мелчу-Хиний йуккъехь веа нохчочо тоьпаш тоьхна, Цыбин вийна.
20 октябрь. Ӏаьмар-Хьаьжин-Юьртара Кахановски станице цӏа вогӏучу Лужнов Василийна а, Андрийн Касьянна а тӏе а летта, говраш а йохуш, ахча а доккхуш, уьш талийна кхаа нохчочо.
Оццу дийнахь йалх нохчочо, говраш а, ахча а, бедарш а, карахь мел дерг а дӏа а доккхуш, талийна Якушенко Семен, Тихоненко Никита, Бабилуров Федор, Батыров Владимир. Зуламхойн лар Гуьмсе йахана.