Аллахӏа шуна гӏо дахь, цхьаьнгге а толам баккхалур бац шуна тӏехь, амма Цо шу дӏатасахь, мила ву шуна гӏо дан?
Къуръан. 3 Сура, 160 айат
Йуьстахара тӏехьаьжча хеталора, Буритӏахь хилла гулам, цуьнан дакъалацархоша шаьш дага а бевлла, шайн дӏадолорца бина. Амма гуламан болх чекхбаьллачу шолгӏачу дийннахьехь областан администрацин канцелярехь болх кхехка боьлча, и гулам цуьнан куьйгашца вовшахтоьхначух тера хетара. Хинйолчу драмин сценарий хьалххе йазйинера. Билгалйинера лерина йиъ отряд. Партизански цӏе йолуш дошлойн отряд а, таллархойн цӏе йолуш гӏашлойн кхо отряд а. Уьш эскадронашка а, роташка а, взводашка а йекънера. Царна оьшу герз, духар, говраш, ворданаш кечйинера, могӏарерчу салташна а, эпсаршна а алапаш а, йукъара харжаш а билгалъеш смета, операцин план, карта хӏоттийнера. Округашкарчу участкийн пурстоьпашка а, отделашкарчу станицийн атаманашка а хьалххе хаам беш тӏедиллинера таллархойн ханна отрядашкахь гӏуллакх дан лаамхой лахар а, дӏайазбар а. Отрядана инструкцин а, областан начальникан омрин а проекташ а кийча йара. Отрядийн командираш а, эпсарш а билгалбевллера, амма оцу драмин коьрта турпалхо, эскаран старшина атаман Вербицкий, схьакхачаре ладоьгӏуш, гӏуллакх нахала ца доккхуш, таӏийна латтадора.
Ткъа и атаман Вербицкий а областан администрацис ша лехна а, карийна а, цуьнца хьалххе барт бинчул тӏаьхьа хьолахойн гуламна къайллах дӏагайтина а вара, и кандидатура гуламан йолчуха цуьнан цӏе йаккха аьлла. Атаман Вербицкий а кийча вара кхуза схьаван, амма сихха гучувалар гайтина дацара сценари тӏехь.
Хьолахойн гуламе сацам ца байтича а, шега дехарш ца дайтича а, кху областехь шена луург дан йаккхий бакъонаш ма йара инарла-губернаторан Михеевн. Хетарехь, нагахь санна оцу операцин тӏаьхьало бохаме йерзахь, ша цхьаъ бехке ца хила, декъашхой безаш хилла хир вара иза. Йукъараллин дехаршца динера ала. Ткъа операци кхиамца чекхйалахь, хастам уггар хьалха цунна шенна буьсура.
Гулам хиллачул тӏаьхьа цхьа кӏира даьлча, Буритӏа схьакхаьчна Вербицкий, хьем ца беш, сихха тӏеийцира Михеевс. Атаманах бӏаьрг ма-кхийтти, хиира инарлина иза ша лоьху стаг хилар.