Станицехь дууш-молуш, кхаа дийнахь сакъийрина гӏалагӏазкхий а, салтий а лозучу кортошна дарбанна а, шайна хьошалла лелийначу станичникийн могашаллина а тӏера ӏуьйранна чӏагӏар а мелла, дика самукъане бара. Шишша цхьаьна а хӏоьттина, беха могӏа бина богӏучу гӏалагӏазкхаша, станицел арабевлча, йир йолийра. Ткъа гихь маххьаш долу салтий хӏинцале а хьацар даьлла, кхоьруш, цеце гондӏа бӏаьрг а бетташ, царна тӏаьхьа богӏура. Отрядера эпсарш, говрашкахь шишша цхьаьна а хӏоьттина, вовшашца лохха къамелаш деш, забарш йеш боьлуш а хьалха боьлхура.
Кхузара мохк ӏаламо кхелина хан йара хӏара. Хьалха дӏахьаьжча, баххьашна тӏехь ло долуш, тӏе мархаш хьаьрчина лекха лаьмнаш гора. Герггахь, церан когашкахь, – баьццара хьаннаш. Некъана шиний агӏор хьаьрмаш тӏехь дежара даьхни. Некъан йистошца – бес-бесарчу зезагаша кхелина аренаш, зазаша къарзйина хьаннаш. Кхаш тӏехь хьаьжкӏашна асар доккху бахархой, отряд гучуйаьлча, болх йукъах а боккхий, некъана гена бовлура. Ворданахь вогӏург а старана сараг бетташ, хьуьна чохь йа кхаш тӏехь къайлавала гӏуртура. Мухха делахь а, некъаца коьллашкара олхазарш а дӏауьдура, отряд герга гӏоьртича.
Станицина масех чаккхарма генайаьлча, шен «болх» дӏаболийра отрядо. Урядник Тонкогубов коьртехь а волуш, ши-кхо чаккхарма хьалха йоьду разведкин жима разъезд варшахь, некъо голатуххучохь, цхьана гӏалгӏачунна тӏеӏоттайелира. Йуккъерчу дегӏахь, йехо йуьхь, лекха хьаж, хаза тодина ӏаьржа, дуткъий мекхаш долуш, ткъе пхи шо хенара жима стаг вара иза. Коьртахь ӏаьржачу холхазан лоха куй, боьмашчу машийн чорда чоа, йукъах дихкина кхелина шаьлта а, доьхка а, агӏон тӏехь хумпӏар чохь револьвер а йара цуьнан. Пхеа гӏалагӏазкхичо, го а бина, тӏе тоьпаш а лаьцна, герз схьадийхира цуьнга.
Къоначу гӏалгӏачун коьртехь цхьана минотана ойла хьаьвзира. Иза Сурхохера вара, Экажеве ловзарга воьдуш. Шаьлта-м дӏалур йара цо, иза-м цуьнан шен йара. Амма тапча цуьнан йацара. Ловзарга воьдуш, доттагӏчуьнгара йехна йаьккхинера цо иза. Гӏалагӏазкхашка тапча дӏайелча, доккха эхь догӏу цунна тӏе. Тӏаккха ловзаргахь, синкъерамехь, шовданан коьртехь, пхьоьханахь нахана йукъавийла, мехкаршна хьалха хӏуьттийла хир дац цуьнан.