Дуьхьал схьа ца алахь а, хӏара сийсазвеш, тӏаьхьашха хабарш дуьйцур ду. Нахана йукъахь, аз айдеш, дош ала бакъо а хир йац. И эхь тӏелоцучул, кхузахь валар гӏоли йу цунна. Хӏара Делан мостагӏий пхиъ ву, ткъа цуьнан тапчи чохь ворхӏ патарма бу. Велург вийна, варша иккхича, кӏелхьарвер ву иза. Хьалха тӏетоха погонаш тӏехь билгало йерг къастийра цо.
Йуьхьанца тапча дӏа ца луш, дикка йухагӏиртира иза. Тӏаккха, ша вийна а цара иза дӏайоккхург хиларх кхетча, хумпӏара чуьра схьайоккхуш, меллаша зӏок кӏегар а хаийна, хьалха урядникана, йуха цунна уллорчу гӏалагӏазкхичунна цӏеххьана тапча а тоьхна, кхоссавелла варша а иккхина, цигара схьайетта вуьйлира иза. Патармаш чекхдевлча, дӏавада гӏоьртина иза, пханаршна йуккъе топ тоьхна, вожийра.
Герзаш дуьйлуш хезча, говраш хаьхкина схьакхечира гӏалагӏазкхийн бӏо.
– Хӏун хилла кхузахь? – хаьттира Григорчука, чевнаш хилла охьавиллина ши гӏалагӏазкхи гича.
– Кхузахь цӏеххьана цхьана разбойникана тӏенисделира тхо. Цо тешнабехк бина, хӏокху шинна герз туьйхира…
– Мичахь ву разбойник?
– Варшахь ӏуьллу, – корта дӏатесира гӏалагӏазкхичо.
Говрара чу а воьссина, урядникан Тонкогубовн чевне а хьаьжна, реза воцуш корта хьовзийра Григорчука. Дог долччу некхах кхетта дӏаьндарг тӏехьашха ара ца йолуш, чохь йисинера. Шолгӏачу гӏалагӏазкхичун чов кхераме йацара. Цунна, даьӏахках ца хьакхалуш, белшах чекхйаьллера дӏаьндарг.
Тӏаккха вийна варшахь ӏуьллучу гӏалгӏачунна тӏевахара капитан. Бӏаьлланган кулла йуккъе йуьхьарвахана ӏуьллура иза. Цо буйна къевлина тапча, пӏелгаш даьстина, схьа а йаьккхина, шен кисана йоьллира Григорчука. Тӏаккха гӏалгӏачун йукъахара шаьлта а, доьхка а схьадаккха аьлла, гӏалагӏазкхашка омра а дина, цигара дӏавелира. Вукхара ӏуьллучунна тӏера куй, чоа, когара эткаш а цхьаьна схьайехира.
Чов хилла ши гӏалагӏазкхи вордан тӏе а виллина, хьалха дӏайахара отряд. Сурхохе кхаьчча йуьртда тӏе а кхайкхина, чевнаш хилларш Тарски станице бигар цунна тӏедиллира Григорчука. Вийна гӏалгӏа ӏуьллу меттиг а йийцира.