Добровольски й ца ӏийра Зеламха дийцина валлалц.
– Хехой! – чӏоггӏа мохь туьйхира цо.
Зеламха велавелира.
– Цаьргара орца хир дац хьуна, полковник. Нагахь уьш хӏокху чу гӏортахь, ас дерриг а дойур ду шу. Уггар хьалха хьо а вуьйш. Ас хӏинца ца вуьйш вуьту хьо. Оцу мискачу салташна бохам бан ца лаьа суна. Амма хаалахь, хьо а, Чорни а, лаьттах воьлча а, стигала ваьлча а, сан дӏаьндаргах кӏелхьарвериг цахилар.
Зеламха, дуьхьало йоцуш, парггӏат гӏопах ара а ваьлла, дӏавахара.
Стаг вийна, йукъа мостагӏалла деача, зударий а, пхийтта шаре кхаччалц хан йолу божабераш а чӏирах маршабоху нохчийн ӏадато. Уьш байа а, цӏера, йуьртара арабаха а бакъо йац. Гушмацӏин зуда Билкъис, Бийсолтин нана, Элсангӏарах йара. Нохчийн къоман ӏадат лардеш, Билкъис ца йитира Гушмацӏас, йа дов дина дӏа а ца йахийтира. Зудчуьнца къийсар нийса ца догӏура нохчийн гӏиллакхехь. Делахь а буьрса амал йолчу Гушмацӏас, цкъацкъа ша оьгӏазвахча, тӏехбеттамаш бора, ӏиттарш йора зудчунна, йен кхерамаш а туьйсура. Ткъа Билкъис шек дӏа а ца йолура. Хаьара шен майра къоман гӏиллакхах вухур воцийла.
Амма Элсангӏеран зударша кертара арабовла ца буьтура Гушмацӏагӏеран зударий. Тезий, маьттазий багош лееш, сардамаш доьхуш. Церан божабераша Бийсолта а хьийзавора, ловза аравала ца вуьтуш. Мосазза а йетташ меттиг хиллера. Вукху агӏор, ӏедало а хьийзабора Гушмацӏагӏеран зударий, обаргаш бевлла лела шайн божарий совцабе, уьш ӏедална тӏебахкийта бохуш. Шинне агӏорхьарчара хьийзош, бӏарзйина Беци а, Зезаг а, божарех дага а йаьлла, кертара даьхни дӏа а доьхкина, сал-пал а, йийбар а гергарчарна дӏа а йекъна, оцу кертара дӏа а йаьлла, шен ден цӏа дӏайахара. Бецис шен ден цӏахь дуьнен чу ваьккхира Зеламхин дуьххьарлера кӏант Мохьмад. Наггахь буьйсанна, адамаш набарна дӏатийча, къайллах шен доьзал болчу воьдура Зеламха. Муслимат а, Энист а хьоьстура, боккхачу безамца, дегайовхонца жимачу Мохьмаде а хьоьжура. Бецина маслаӏат дан а гӏертара, хӏинца Россехь берриг а оьрсий паччахьна дуьхьал гӏевттина, цара иза дӏавоккхур ву, паччахьан ӏедал дохор ду, тӏаккха ша маьршавер ву, вай машаре дехар ду бохуш. Бакъду, Зеламха ша а ца тешара ша дуьйцучух. Делахь а иштта