хиларе сатуьйсура.
Зеламхас лоруш а, сий деш а масех стаг ву Нохчийчохь. Эвтарара эвлайаъ Баматгири-Хьаьжа а, Шелара Соип-Молла а, Гӏойтӏара Элдарханан Таьштамар а, Сиржа-Эвлара Шериповгӏеран Жамаьлдин кӏентий а. Кест-кеста цаьрца цхьаьнакхетар а, царах дагавалар а хуьлу Зеламхин. Иттех де хьалха Соип-Молла волчохь хилира иза. Хӏетахь Соип-Моллас дийцира цуьнга, Ведана гӏопехь набахте чу воьллина Гати-Юьртара цхьа жима стаг ву аьлла. Цуьнан дай Шелара хилла. Хӏинца а цуьнан геннара гергара нах бу кхузахь, оцу кӏентан бала болуш а бу. Кӏентан ден да Данчӏа хилла, да Болат хилла, цуьнан шен цӏе Соип йу. Болатан да-нана Хонкарахь дӏакхелхина шовзткъа шо хьалха. Ӏаьлбаг-Хьаьжа имам волуш, цуьнан герггара гӏоьнча хилла Болат, Сибрех вохуьйтуш, Соип ненан кийрахь хилла. Болат, хилларг ца хууш, Сибрехь вайна ткъе ворхӏ шо ду. Къона йолуш дуьйна и цхьа кӏант а кхобуш, къанйелла цуьнан нана. Соип-Моллас дийцира, Соип стенна бехке вина, лаьцна.
– Кестта иза Соьлжа-Гӏала дӏавуьгу бохуш, хабар ду. Цига дӏавигахь, суьдо вен кхел йийр йу цунна. Вуьйр ву. Йа шен оьмарна Сибрех каторге вохуьйтур ву. Лаххара таӏзар – 20–25 шо хан тухур йу. Тӏаккха, шен да санна,
Сибрехь доьза вовр ву иза. Соип дӏаваьлча, церан цӏийнан кӏур бов. Нагахь санна, шайна зен-зулам а ца хуьлуш, и кӏант кӏелхьарваккха аьтто хилахь, Соьлжа-Гӏала дӏавуьгуш, новкъахь иза кӏелхьарваккха хьовсийша.
Зеламхас дош делира Соип-Моллина оцу тӏехь шен ницкъкхочург дан.
Оцу дийнахь Зеламхе гӏайгӏане ойланаш йойтуш, къамел хилира цуьнан Соип-Моллица. Зеламхас шегара бала балхийра цуьнга. Бехк-гуьнахь а доцуш, шайна тӏедеана мостагӏалла а, ӏедало зударшца, берашца цхьаьна йуьртах арадаьхна, акхарой санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула лечкъаш, шаьш кхерсташ лелар а.
– Гой хьуна, Зеламха, Дала ваьшка ма де бохург а дой, иза ваьшна бохаме даьлча, Делан кхел йу лелларг, олу вай, йа бехк цхьаьннан коча бохуьйту. Шайна хиллачу бохамашна ахь Элсангӏар бехке бо. Шайга хаьттича, Элсангӏара шу бехке дийр ду. Ткъа бехке шу шинне агӏорхьарнаш ду. Дала бусалба адамашна гайтинчу цӏенчу, нийсачу шариӏатан некъа тӏера девлла лелла шу. Ӏалайхӏи