Азамат-Юрт, Бердакӏел, Гуьмсе, Гӏойтӏа, Гӏулара, Доьлака, Къеди-Юрт, Мелчхе, Ной-Боьра, Устар-Гӏарда, Хьаьдаз-Юрт, Цоци-Эвла, ӏалхан-Юрт, Чечана, Энгель-Юрт, кхин дуккха а. Амма Деникинан тоьлла эскар, дохийна, Нохчийчуьра ара а даьккхира.
Хӏетахь большевикашца вара Овхьад. Эскарехь кхетаме болх беш. Наггахь герз карахь тӏамехь дакъалаца дезаш меттигаш а нислора. Масала, Соьлжа-Гӏалахь Бӏедийнан тӏом болуш а, Гӏойтӏа, ӏалхан-Юрт ларйеш а. Чахкарахь хиллачу тӏамехь Асланбек вуьйш цунна уллохь а вара иза. Граждански тӏом чекхбаьлча, Нохчийн областан ЦИК-н органашкахь болх а бира цо. Амма Советийн ӏедалан хьалхарчу шерашкахь цуьнгахьа а, большевикашкахьа а шовкъ дӏайелира Овхьадан. Къаьсттина революцехь а, граждански тӏамехь а дакъалаьцна нохчий даржаш къийса боьлча. Цара вовшийн сийсазбора, боьха мел дерг вовшашна тӏехтухуш, ЧК-н органашка дӏакхуьйлура. Иштта, оцу меттанашца цара ӏедална хьалха бехбина, цхьаберш балхара дӏабехира, вуьш лийцира, кхиберш набахтешкахь байира. Царна йукъахь бара Овхьада лоруш хилла Эльдарханов Таьштамар, Гойсумов Соип-Молла, Митаев ӏела, кхин дуккха ӏеламнах, къоман бакъболу тешаме кӏентий а.
Тӏаккха колхозаш вовшахтоха йолийча, цхьацца йарташкахь бахархой оцу политикина дуьхьал гӏитта буьйлира. Ткъа и дуьхьалонаш ӏедало йоккхачу къизаллица хьоьшура. Нах лоьцуш а, цхьаболчарна тоьпаш йетташ а. Кертара даьхни, кхидолу долалла дӏадоккхуш. Жимма а таро йолу нах, кулакаш бой, церан бахам дӏа а боккхуш, доьзалшца цхьаьна Казахстане ссылке бохуьйтуш. Паччахьан ӏедал хийцарх, Нохчийчохь хийцаделла хӏумма а ца гора. Бакъду, хьалха и таӏзарш дийраш салтий а, гӏалагӏазкхий а хиллехь, хӏинца цаьрца нохчий бара шортта. Милицийн, партизанийн, дружинникийн отрядашкахь цхьаьнакхетта. Вовшашна айкхбийлар даьржинера нохчийн исторехь цкъа а ца хиллачу тайпана.
И къизаллаш, харцонаш ца лайна, церан декъашхо ца хила балхара мукъа а ваьлла, Гати-Юьрта цӏа а вирзина, хӏетта кхузахь схьайиллинчу ишколехь хьехархочун балха хӏоьттира Овхьад.