И ишкол цуьнан вешин ӏабдин цӏеношкахь йара. Ӏабди, Саьӏад, Хьуьси, кхин масех йуьртахо, кулакаш бина, доьзалшца цхьаьна Казахстане ссылке бахийтира, ткъа церан бахамаш, цӏенош колхозан а, йуьртан а дола дӏабелира.
1937-чу шарахь, цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш, халкъан мостагӏ ву аьлла бехкевина, суьдехь кхел а ца йеш, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийтира Овхьад. Цӏахь дисира Седа а, цхьа кӏант а, кхо йоӏ а. Кӏентан ткъе пхи шо дара, цуьнан зуда а, бер а дара. Цхьа йоӏ марехь, ши йоӏ ненаца йара.
Итт шо хан йуьззина чекх а йаьккхина, 1947-чу шеран февраль чекхболуш, лагерера аравелира Овхьад. Нохчийн халкъ махкахдаккхар хиира цунна Соьлжа-Гӏала кхаьчча. Казахстане, Йуккъерчу Азе бигна бохуш, хезира. Гати-Юьртахь цӏахь висина нохчо хиларе дог даьхна, цига вахара Овхьад. Йуьртахь керла бахархой бара – нуьцкъах лаьмнашкара охьа кхуза кхалхийна суьйлий. Йурт тишйеллера. Цхьа а нохчо вацара йа Гати-Юьртахь а, йа луларчу йарташкахь а. Махках ца боккхуш, Веданахь цхьа доьзал битина, элира суьйлаша. Обарг Зеламхин доьзал.
Овхьад Ведана вахара. Шовзткъе кхо шо хьалха, даймахках ваьлла, цкъа Гуьржехахь, Азербайджанехь ворхӏ шо а даьккхина, Сибрехь ткъа шо хан а йаьккхина, веара иза Ведана, хӏинца итт шо хан а йаьккхина вогӏура. Хьалха кхуза вогӏуш, шовзткъе диъ шо дара цуьнан, хӏинца дезткъе ворхӏалгӏа ду…
Кхузахь бехаш а бара суьйлий. Хьалха тӏенисвеллачу суьйличо Зеламхин кӏант ӏумар-ӏела волчу вигира Овхьад. Цунна уггар ца дезачу милицин цӏеношка. Ӏумар-ӏела районехь НКВД-н отделан начальник вара. Овхьад мила ву хиъча, шен йиша Муслимат йолчу цӏа вигира цо. Суьйранна Зеламхин важа йоӏ Энист а йеара цаьрга. Цара дийцира Овхьаде нохчийн халкъ махкахдаккхар муха хилира. Ведана районера дукхахболу нохчий Казахстанехь Павлодарски областехь бу, бохура цара.
– Тхан ден тхо кхоъ дисина хӏинца, – бохура ӏумар-ӏелас. – Сол воккха ваша ткъа шо хьалха вийна бандиташа. ЧК-н белхало вара иза. Хьуна дагайогӏу хир йу колхозаш вовшахтухуш а, кулакаш дӏабохуш а, цхьацца йарташкара бахархой ӏедална дуьхьалбевлла хан. Хӏетахь кулакаша Махкатӏахь вийра иза.