Халкъ махкахдоккхуш, тхан да лерина, махках ца доккхуш, тхо кхоъ цӏахь дитира. Хӏинца пхоьалгӏа шо ду со НКВД-н белхало волу. Хала ду кхузахь. Бандиташ баьржина хӏокху лаьмнашкахь. Суьйлий, нохчийн бандитех бисинарш. Дийнахь-буса синтем боцуш, царна дуьхьал къийсам латто деза тхан.
Оцу буса хан йаьллачу хенахь охьавижнехь а, наб ца кхеташ дукха ӏиллира Овхьад. Адамех цецвала, шена ца гуш хӏумма а ца дисина, моьттура цунна цкъацкъа. Амма замано а, адамаша а цецвийла дукха хӏуманаш гойтура цунна. Йерриг Россехь а, Иранехь а, Хонкарахь а, Европехь а майраллица, оьздангаллица, доьналлица гӏараваьлла къонах ма вара Зеламха. Шен халкъана тӏехь паччахьан ӏедало латточу харцонашна, ӏазапна дуьхьал, шен халкъан маршонехьа къуьйсуш, кхойтта шарахь халонаш, баланаш лайна, эххар а шен са а халкъан дуьхьа дӏа ма деллера цо. Халкъо шен орцахо, шен тешаме кӏант ма лорура иза. Иштта халкъан дагахь а ма висина иза. Ткъа паччахьан ӏедало разбойник, бандит, адамашдайархо бохуш кхайкхавора. Иза а, цуьнан накъостий а. Ша Пачхьалкхан Думе йаздинчу кехат тӏехь Зеламхас ма-аьллера, ша обарг хилла ца ваьлла дуьнен чу, шех обарг винарг ӏедалан харцонаш, къизалла, халкъехь латто ӏазап ду.
Хӏинца хьаннашкахула, лаьмнашкахула ӏедалх бевдда лелачу нахана а изза цӏе тиллина. Бандиташ. Зеламхина санна, царна тӏаьхьа толлуш йу милици, НКВД. Бандиташ а хир бу хӏокху лаьмнашкахь. Уьш Зеламхин заманахь а бара. Къоланаш, талораш деш лелаш. Амма хӏетахь а бара, хӏинца а хир бу ӏедалан харцонех, таӏзарх шайн синош довдийна лелаш оьзда, хьанала, догцӏена нах. Бандиташ а, бакъонца болу обаргаш а ца къестош, царна массарна а цхьатерра тӏаьхьа толлуш ву Зеламхин кӏант. Мацах шен дена, цуьнан накъосташна тӏаьхьа толлуш лелла Галаевгӏар, Вербицкийгӏар, Андронниковгӏар, Донагуловгӏар, Морганиягӏар, Кибировгӏар санна.
Кхин цхьаъ а дара Овхьад цецвоккхуш. Шен халкъ махкахдоккхуш, цунах къаьстина цӏахь хӏунда севцца Зеламхин бераш? Шайн халкъаца цхьаьна халонаш, баланаш, бохамаш лан, цуьнца махках хӏунда ца бевлла уьш?