Цунна ца хаьара хӏумма а. Иза оцу дийнахь шен ненан кийрахь вара, ткъа цуьнан нана йуьртарчу кхечу зударшца, берашца цхьаьна, оцу къематдийнах йедда, цу орцахь, йуькъачу хьаннийн хотийн кӏоргехь лечкъина ӏара. Ненан кийрахь ӏуьллучу цунна ца хаьара шен да а, дейтта шо долу ваша Лоьма а йогучу йуьртахь мостагӏех леташ вуйла а, ткъа и шен нана, пхи шо кхаьчна Аьрзуй, цул йоккха ши йоӏӏий мара а къуьйлуш, важа зударий санна, йуьрта са а диллина ӏаш йуйла.
Цул тӏаьхьа масех шо даьлча бен ца хиира, оцу буса байъинчеран декъий дохьуш, орца йухабевллачу йуьртахоша майрачун дакъа а, чов хилла Лоьма а шена хьалха охьавиллича, шийла мохь баьлла охьайоьжначу нанас ша хеназа дуьнен чу ваккхар. Берзан кӏеза санна, шен дуьнен чу валар акхачу хьуьна чохь, ӏаьржачу буса хилар. И дерриг а тӏаьхьа хиира цунна. Декъаза хилла цуьнан дуьнен чу волу буьйса. Йистйоцуш йеха, ӏаьржа буьйса хилла дӏайахана цул тӏаьхьа цо дуьненахь йаьккхина хан а.
Ӏела тӏехиъна ӏачу борзан шиний агӏор кхин а ши барз бу. Царах цхьаъ атта къаьсташ, лаьттах дикка айабелла, ткъа важа лаьттаца дӏашарбала гергабахана, халла къаьста. Цигахь динера церан доьзало хӏетахь шайн дагийнчеран метта керла цӏенош. Цул тӏаьхьа дейтта шо даьлча, и цӏенош лардеш вийра ӏелагӏарна ден метта висина Лоьма. Оцу дийнахь оьрсийн эскаро цӏеххьана динчу тӏелатаро эрчонийн теш ша а хилира ӏела.
И де ӏелина гуттаренна а даг чохь дисира. Оцу дийнахь байъинчеран декъий наха дӏадухкуш, иза ша а вара кешнашкахь. Декъий бармахь цига кхехьа божарий ца тоьура. Уьш ворданашкахь кхоьхьура. Дийна бисинчара лаьтте дӏалора шайн байъина дай, наной, йижарий, вежарий, кӏентий, йоӏарий. Хӏетталц беса лаьттинчу сийначу бай тӏехь оцу цхьана дийнахь бӏе сов кошан барз хӏоьттира…
Иза тӏаххьара де дацара буьрсачу тӏеман. Дуьненарчу йаккхийчу пачхьалкхех йоккханиг, нуьцкъалчу пачхьалкхашна йукъахь а нуьцкъала, къизачарна йукъахь а къиза пачхьалкх шен берриг а ницкъашца жимачу нохчийн халкъан жимачу махка гӏертара.