Оцу дийнахь дуьйна йукъахдихкинчуьра герзаш дӏа ца достуш, говран нуьйрара ца вуссуш, бовха кхача а биъна, тхов кӏел кӏедачу метта охьавижа аьтто ца хуьлуш, дӏайахара ӏелин къона хан. Уьш дера летара шайн а, шайн дуьхьалончийн а цӏий ӏеночу оцу акхачу тӏамехь. Гора-йаӏ, ма ца лаьара царна адамана тур-шаьлта тухийла, цхьаьннан а нана, йиша йоьлхийла! Пайда барий ткъа, царна цалаарх? Шайн догӏмаш, синош, шайн доьзалш, йарташ, даймокх къизачу мостагӏех лардан дезара церан.
Ӏелагӏар а ма дара адамаш. Машаре, маьрша даха лууш. Дена-нанна бераш а, берашна да-нана а дезара, кӏенташна мехкарий а, мехкаршна кӏентий а безара, машаре, маьрша, ирсе дахар а дезара, цуьнга са а туьйсура. Гобаьккхина тӏом, оцу тӏеман эрчонаш йелахь а, ӏелина а йезаеллера шайн йуьртара Айза. Цаьршимма сатуьйсура тӏом чекхбаларе, цхьаьнакхета, безамах марзо а оьцуш, маьрша, машаре, ирсе даха. Сатуьйсура, ши сту а боьжна, дечган нахарца шайн ирзо аха, цхьа йетт а нисбина, къен оти а денйина, шайн доьзал болоре. Амма церан сатийсар кхочушхила гена дара, тӏеман чаккхе гуш йацара.
…Шемал тӏелоцуш, нохчашна моьттура тӏом сихха чекхбер бу, оьрсийн эскарех Нохчийчоь цӏанйинчул тӏаьхьа шаьш Шемал Дегӏастана цӏехьа эккхор ву, тӏаккха шаьш, хьалха санна, машаре, маьрша дехар ду. Амма тӏом ткъа шарахь бахбелира. Халкъ къиза хьийзадора: цхьана агӏор – Шемалан наибаша, вукху агӏор – паччахьан инарлаша. Оцу шиний агӏорхьарчарна дуьхьало йеш, шайн маршо ларйан гӏиртира нохчий тӏеман тӏаьхьарчу итт шарахь. Амма кхидӏа дуьхьало йан ницкъ бацара церан. Паччахьан эскарша нохчийн тӏаьххьара йурт, Ведана, дӏалоцуш, ткъе ворхӏ шо дара ӏелин. Хӏетале а, оцу дийнахь а нохчийн дуккха а наибаша дӏатесира Шемал. Бакъду, Шемал ша а ведира, Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а дӏа а тесна, шен са дадийна Дегӏастана. Веккъа цхьана бенойн Бойсагӏара дӏа ца тесира имам. Бойсагӏарца цхьаьна суьйлийн лаьмнашка бахара цхьакӏеззиг нохчий. Цаьрца вара Аьрзу а, ӏела а, Маккхал а.
Шемал Барятинскийна йийсаре воьдучу дийнахь, Бойсагӏаьрца цхьаьна оьрсийн эскарийн кхолха гонна йукъара довлуш, мостагӏчун туьро йинчу чевнан мо бара ӏелин хьаьжа тӏехь бисинарг.