Уггаре а масаниг ас му́ха йахьар йара, шина бӏаьрго схьалоьцучу аренна шина бӏаьргал маса а, кхин йакхкхий аренаш йукъало́цуш хилча, ойланал маса а хӏума ца хилча! Хӏума ган бӏаьргаш а, хӏуманах кхета йан ойла йолуш, хьо-хьо́ а ву. Цунах кхачам бан а беза.
Кхе́лахо кхоьлина дӏахӏоьттира. Шен можах ка йетташ, цо, къехочуьнга а хьоьжуш, ойла йора: «Мискачу стага говза э́ли. Цо аьлла хье́къале дош къо́бал ца дича-м, су́на ӏовдал ву а́ла а тарло». Ре́заво́цуш, дагна цатам а болуш, кхе́лахочо э́лира:
— Миска стаг, ахь делла жоп нийса ду. Бакъ ду, су́на хетарехь, ахь и хьайн хье́къалца ца аьлла. Хьу́на и цхьамма хьехна. И хьан хьехна хьу́на?
Дагахь йилбазалла доцчу къехочо, шена и йоӏа хьехна, аьлла.
— Ахь вай дийцинарг дохийна. Ахь а́рахьа́ра гӏо лехна, цунде́ла и хир дац. Ахь бекъа дӏаоьцур йац, кхин а цхьа гӏуллакх кхо́чуш ца дича. Хьайн йоӏе а́ла, ша́ волчу йола: новкъа а ма йола, нацкъар а ма йола, ка́рахь хӏума йолуш а ма йола, йо́цуш а ма йола, — аьлла совде́гаро.
Миска стаг, гӏайгӏане воьжна, дӏавахара. Цо ойла йора: «Хӏун дан деза? Новкъа а, нацӏкъар а йо́цуш, ка́рахь хӏума йолуш а, йо́цуш а, му́ха йаха йеза иза?». Къехо цӏа кхе́чира.
Йоӏа де́га хаытира:
— Да́да, хьо хӏинца а гӏайгӏане хӏунда ву? Бекъа схьа ца йели хьу́на?
Да́с йоӏе кхе́лахочо бо́хург ма-дарра дӏадийцира. Йоӏа цу гӏуллакхан дика ойла йира. Цул тӏаьхьа йоӏа де́га хаза, э́сала э́лира:
— Да́да, су́на хаьа дан дезарг. Со йаха ма-йеззара цига а гӏу́р йу, а́ла дезарг бакъонца дӏа а э́р ду, вайн бекъа схьа а йа́лор йу. Хӏинца цига дахьа хьо́за ла́цахьа су́на.
Цу кеппара, де́га шена хьо́за а лацийтина, и йоӏ кхе́лахо волчу йаха кечйелла. Шолгӏачу ӏуьйранна йоӏ новкъа йаьлла. Новкъара нацкъар йолуш, некъан йистаца йолалуш, новкъа йолуш, йуха а нацкъар йолуш, меттиг хуьйцуш, ка́рахь хьо́за а долуш, йахана иза кхе́лахо волчу. Цу кепара, иза новкъа а ца йахана йа нацкъар а ца йахана.
Йахана дӏакхаьчна иза кхе́лахо волчу. Чуйахара, ка́рахь хьо́за а долуш. Шен карара хьо́за кхе́лахочунна дӏагайтина, дӏахецна йоӏа, Цо аьлла: