— Со схьакхе́чи. Кхе́лахочо йоӏе хаьттира:
— Йоӏ, ас аьлларг, нийса кхо́чушдиний ахь? Му́ха йеара хьо?
— Кхе́лахо, ахь аьлларг ас нийса кхо́чушдина. Хӏинца су́на хезаш а а́лал ахь му́ха йола аьлле́ра. Йоӏа и хаьттира кхе́лахочуьнга хӏилланца, тайп-тайпана хабарш дийцийта.
Йоӏе вукхо э́лира:
— Ас хьоьга хабар даийтира, новкъа а ма йола, нацкъара а ма йола, йо́гӏуш ка́рахь хӏума хила а, ца хила а мегар дац, аьлла.
— Ас иза дерриге а нийса кхо́чушдина: со йеъна новкъара нацкъар йолуш, некъан йистаца йолалуш, йуха а новкъа йолуш, массо а ханна меттиг хуьйцуш. Со новкъа а ца йеъна йа нацкъар а ца йеъна. Цхьаъ и ду. Шолгӏа, со йо́гӏуш сан ка́рахь хьо́за дара. Иза хьу́на а гуш, сан карара дедда дӏадахара. Цу кеппара, со йо́гӏуш, сан ка́рахь хӏума йолуш а, йо́цуш а хили. Ас иза дуьззина нийса кхо́чушдина. Ахьа-м изий бен ца аьлле́ра. Нагахь ахь, йа́н ма йола, ца йо́гӏуш а ма ӏе аьллехь а, хуур дара су́на дан дезарг.
Кхе́лахочо хаьттина йоӏе, ша́ и аьлча, тӏаккха хӏун дийр дара ахь аьлла. Йоӏа аьлла, хьу́на бӏаьргана гучу кхаччалц, схьайо́гӏу́р йара ша́, хьу́на со а, сайна хьо а гайтина, хьу́на тӏе а ца йо́гӏуш, дӏагӏу́р йара ша́. Тӏаккха йеънарг а, цайеънарг а хуьлура ша́.
Цецваьллачу кхе́лахочо йоӏе хаьттира:
— Оццул хье́къал долу хьо, доьзалехь хӏун йаош кхаьбна?
— Йуьртарчу ба́хархоша цӏе йа́гийна йисна овкъарш, эвла йисте́ дӏакхуьссура. Цу овкъаршна йукъахь мӏерий а доьгӏуш, чӏе́рий а лоьцуш, и чӏерий а даош, кхаьбна со доьзалехь, аьлла йоӏа.
Кхе́лахочо э́лира:
— И бакъ дац, цунах цхьа а тешар вац.
— Цунах хӏунда ца теша? Вордано бекъа йина аьлча, хьо а тешний и! Хӏилла дага а ца лоьцуш, тхан кхе́ло йина бекъа схьало, — аьлла, йоӏа шайн бекъа схьайаьккхира.