Ишттачу берийн ирс а муха хир ду, уьш иманехь а хьан кхи ор ду, иштта доьзал боьхначу я бохийначу доьзалехь иман а мух хирду?
Доьзал кхолла стаг а, зуда а цхьаьнакхеташ дуьххьара йок кхучу гӏулча тӏехь дуккха а нохчаша дуьззина кхочуш ца д Дала, бусалба дино бусалба адамашна тӏедехкина декхарш. Уь кхочуш ца до зуда а, майра а дӏасакъаьсташ а. Нана а, бераш вовшехкъестош уггар дакхийчех къа латадо вай. Зударийн сий оьздангалла, могашалла, церан бакъонаш ларъе, цаьрца къинхе-таме хила аьлла Дала бусалба адамашна тӏедехкина декхарш талхадо вай. Цундела, кхечу бусалба къаьмнашца дуьстича, нох-чийн къома юкъахь ӏаламат дукха бу шозза-кхузза, мосазза зу-дарий балийна боьрша нах а, иштта маренаш дина зударий а, да-нана дуьненахь дийна а долуш, царех хаьдда байлахь дисина, дакъазадевлла бераш а.
И тайпа гӏуллакхаш бусалба дино магош доцийла ца хууш, ца гуш а бац вайн баккхий нах, ӏеламнах, хьаьжой а. Пач-хьалкхан гӏуллакхашна а, политикана а юкъа а ца гӏерташ, я нийсса аьлча — шайна цахуучу, шаьш охӏланаш боцчу гӏуллакхашна юкъа а ца гӏерташ, адамаш иманехь нисдан хӏунда ца гӏоьрта уьш?
Дала уггар даккхийчу къинойх лерина хьагӏ-гамо ю вайна юкъахь даима лелаш. Геннара схьадогӏуш цхьа кица ду вайн: кхечу къомах болчу наха нохчашка, шун элий муьлш бу аьлла хаьттича, жоп луш хилла боху: тхан элий бац, тхо дерриге а элий ду. Цуьнан кӏорггера ойла а ца еш, вай хӏинца а дозаллица олу: нохчийн къоман элий, лайш ца хилла, массо а цхьанийс-са бакъонаш йолуш баьхна.