XIX-чу бӏешарахь нохчий Россин олаллина кӏел бахча, ур-ат-талла, приставан даржехь а шиъ-кхоъ велахь, кхин нохчо вацара. Округийн хьаькамаш а, кӏоштийн приставаш, берриг чиновникаш а оьрсийн, гуьржийн, эрмалойн, хӏирийн, дегӏастанхойн, кхечу а къаьмнех нах бара Нохчийчохь. Ткъа Советийн ӏедал тӏедеъча нохчашна тӏехь куьйгалла хьан дина вайна хууш ду.
Нохчийн къомана дӏаяханчу заманахь а ца хиъна, я ца лиъна, шен хьекъале, кхетаме, оьзда, доьналле къонахой къасто, уьш коьрте а хӏиттийна, шен кхоллам церан кара а белла, кхин долу къаьмнаш санна даха. Ткъа къомана тӏе цхьа бохам беъча, ишт-та къонахой ша-шах халкъана коьрте нисбелча, уьш лера а, ларбан а ца хиъна я ца лиъна.
Кавказан ламанхойн шайн маршонехьа боламан дуьххьарлерачу имаман Мансуран цӏе исторехь эзарнаш шерашкахь яха йисина. Амма шен къомана тӏе бохам беъча цуьнан коьрте нисвелла иза, ши бутт балале шен нохчаша махках а ваьккхина, ялх шарахь эдагашна /адыгашна/ юкъахь вехира, церан къоман маршонехьа боламна тӏехь куьйгалла а деш. Оьрсаша цигара йийсаре вигна иза Шлиссельбургски гӏопан набахтехь кхелхина. И шен турпал дӏавоьллина меттиг ца хаьа нохчийн къомана.
Таймин Бийболат Кавказехь, Россехь, Персехь, Турцехь гӏараваьлла вевзаш тӏеман баьчча, говза политик, дипломат, доьналле къонах а вара. Тахана санна, тайпанашка декъаделла нохчийн халкъ цхьана а тоьхна, цунах цхьа буй а бина, паччахьан колонизаторех цуьнан маршо ларъян гӏоьртира иза. 1825-чу шеран май баттахь Майратуьпахь шозза нохчийн къоман гулам гулбира цо, имам харжийта. Цкъа гулбелча, барт ца хилла, дӏасабахара нах 25-чу майхь, шозлагӏа гулбелча, нохчо ца харжа, Дегӏастанарчу Кудутлу юьртара схьаваьлла суьйли Махьмуд имам хаьржира. Цамгаро лаьцна Бийболат паччахьан эскарийн командованин ямартлонца цуьнан чӏирхоша гӏумкаша вийра. Иза дӏавоьллина каш мичхьа ду ца хууш, къийсамаш бу тахана а. Дегӏастанахь имам кхайкхийначу Шемалан имамалла шаре а дер дацара нохчийн баьччанаш Ташу-Хьаьжа, Шоӏип-молла, Удди-молла, Жовтха, Домби, Оьздамар, кхин, кхин а ца хиллехьара. Нохчийн тӏемалоша Дегӏастана а боьлхуш цигахь цунна гӏо дора.