Уьш бу тахана нохчийн къоме хӏиттинчу халонашна бехке а, жоьпалле а.
Доцца аьлча, вайн къомо шегара майралла гайта гӏерташ ду-кха хьалхеш яьхна кхечу къаьмнашна юкъахь хӏокху тӏаьхьарчу кхаа бӏе шарахь, амма цкъа а толам ца бисина цуьнгахь, эша-маш, бохамаш хуьлуш дирзина дӏа мел долийна гӏуллакх. Ла-кхахь ма-аллара, цхьаммо я цхьана тобано, къаьсттина а кхечу къомах наха, ваьш майра ду аьлла хастийча, атта ӏехало, цара хӏуъа туьйра дийцича а иза бакъ хеташ, теша.
1991-чу шеран августехь — октябрехь а масех эзар стаг а гуллуш митинг лаьттира Соьлжа-Гӏалин майданахь. Дукхахберш бак-кхий нах, хьаьжой, зударий. И митинг вовшахтоьхначара царна кхача а латтабора. Нийсса аьлча, колхозийн, совхозийн ялта, даьх-ний дойуш, предприятийн ахчанех харж еш. Гуьржехара, Азер-байджанера, Дегӏастанара, Прибалтикера, Пебартара, Абхазера, Та-тарстанера, кхечу мехкашкара шайн халкъийн векалш ду шаьш бохуш Нохчийчу схьаоьхучу наха оцу митингашкахь, телевиде-нехула а къамелаш дора нохчийн революци, нохчийн майралла, доьналла а хестош. Мацах С.Орджоникидзес, С.Кировс санна, «Кавказан кхоллам Нохчийчохь къастош бу, шаьш схьалаьцна-чу некъа тӏера духа ма довлалаш, майра нохчий!», бохуш. Цара чӏагӏонаш йора шайн халкъаш муьлххачу а бохамехь а нохчаш-Ца цхьаьна хир ду, бохуш. Амма нохчаша шайн къоман йозуш йоцу маьрша пачхьалкх кхайкхийча, церан правительствоша иза къобалъеш дош ца элира, вайн халкъана тӏе халонаш хӏиттича, хьана а халкъо гӏо ца до. Хӏинца бистхуьлу а ца хеза и «хал-къийн векалш».
Суна массарначул а тӏех чӏогӏа лаьа нохчийн йозуш йоцу маьрша пачхьалкх хила, нохчийн халкъ дуьненахь сий-лерам болуш хьоле дехийла. Амма и лаам кхочушбан аьттонаш, таро-наш ма еза. Ткъа тахана иза а, важа а дан вайн ницкъ бац. Со ала гӏертарг кхин ду: арахьарчу наха дуьйцучу хазчу туьйранех вай хӏунда ӏехало? Вайн лулара къаьмнаш а ма дац вайл кӏилло а, сонта а. Вай даима кхечу къаьмнашна юкъахь хьалхеш хӏунда йоху? Вай вешан хьекъале, кхетаме, оьзда, доьналле къонахой хӏунда ца лбьру, хӏунда ца ларбо?