Вай вешан дахар даима май-раллица, герзаца, тӏамца кхолла хӏунда гӏерта, цкъа мукъане а кортошца, хьекъалца болх бан хӏунда ца гӏоьрта?
Муьлххачу а колонизаторша шайна цхьа мохк дӏалаца, ци-гара халкъ шайн олаллина кӏел дерзо дагадеъча, уггар хьалха цуьнан амалш, гӏиллакхаш, ӏадаташ, кхетам толлу. Тӏаккха оцу халкъан баьччанаш, динадай кхерош, кхаьънаш луш оьцуш а, царна юкъа питанаш туьйсуш, и халкъ дакъошка а доькъий, гӏорасиз до. Нохчийн халкъана тӏехь дӏаяханчу заманахь ди-нарг, тахана а деш ду иза. Тӏаккха дуьхьало ян я ницкъ а, я барт а боцу и халкъ шен олаллина кӏел а даладой, даима иза бода-нехь латтадо, цуьнан мотт, истори, культура а хӏаллакьярца цу-нах манкурт до.
И ӏалашо кхочушъяр тӏедуьллу метрополира схьа колонешка бохкуьйтучу тӏеман, граждански, динан а, массо а даржашкарчу чиновникашна. Пӏайна гӏоьнна меттигерчу халкъа юкъара бох-калуш, эцалуш болу нах къастабо цара. Хьекъале, кхетаме бо-луш, амма шайн къоман кхолламан, бохамийн бала боцурш, шайн аьттонан бен ойла цайийраш, сутара, ямарт, къиза нах. Цабох-калурш а хуьлу, дуьхьало йийраш а хуьлу, амма колониальни ӏедалша уьш шайна кхерамечу даржашка ца буьту, хӏаллакбо я махках боху.
Нохчийн къам цунна шеначул дика девзара паччахьан ко-лонизаторшна, тӏаьхьа советски-коммунистически ӏедална, цуьнан истори, культура, хьекъал, кхетам, гӏиллакхаш, амалш а. Тукхамаш, тайпанаш, гараш, вирдаш а. Бартбацар, хьагӏ-гамонаш, мостагӏаллаш. Нийссааьлча, шен къоман исторех нохчаш-на хуург оьрсаша яздинарг бен дац. Хӏунда аьлча, хӏинца тӏаьххьалц нохчийн къомах ца хилла шайн къоман мотт, исто-ри, культура дӏаязъян, ларъян, кхио а кхетам, ӏилма долуш нах. Оцу хьоле нохчийн къам кхачоран бахьанаш ас лакхахь дий-цина.
Цундела, вешан къоман кхоллам вайн карахь бисча, шаьш ма-ярра гучуевлла вайн сиркхонаш. Тахана къеггина хаало хьекъалечу Шемала «Нохчийн шайн къонахий лакха тӏе хьала-бохуш гу а бац, зуламхой чутуьйсуш ор а дац»,- аьллачу деш-нийн кӏорга чулацам. Шемалан и хьекъале дешнаш нийсса бӏостанехьа маьӏнехь леладо нохчаша. Нохчийн гу а бу, ор а ду. Амма вешан къонахий, турпалхой дуьненахь дийна болуш, сий-сазбеш ор чу туьйсу вай я бойу.