Цунах лаьцна лакхахь масех масал далийна ас. Ткъа вешан зуламхой хестош гу тӏе хьалабо-ху я цхьа ор чу ца тосу.
Сайн хестор дац сан хӏара, «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес» романаш арайовллалц, иллешкахь буьйцу Таймин Бийболат, Мадин Жаьммирза, Адин Сурхо, Эвтархойн Ахьмад, кхин масех воцург нохчашна буьйцу а ца хезнера, дӏадаханчу бӏешеращкахь нохчийн къоман маршонехьа къийсамехь шайн синош дӏаделла бакъболу нохчийн къоман турпалхой. Хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь гучубевллачу керлачу политикаша шайн ӏалашонна эшча дагабаьхкина царех байракх йина айбира шайх Мансур, Бойсагӏар, кхин масех а.
Тахана мелла а халкъана вевзаш, халкъо лоруш а волу цхьа а стаг ца витина вай цунна тӏе и эхье цхьа эладита ца кхуллуш, ца бехвеш. Нохчийчохь а, махкал арахьа бехарш а. Иза ӏаламат доккха, зуламе сакхт ду нохчийн. Амма вешан къомана ямарт хилла, бохамаш бина, зуламехьа бевлла нах, уьш дуьненахь дийна болуш а ца совцийна вай, дуь-ненара дӏабевллачул тӏаьхьа царех бакъдерг олуш исторехь цӏераш яха а ца лаьа вайна. Цхьана зуламечу нехан меттанаш-ца, ямартлонашца ӏедало байина я махках баьхна вайн къоман къонахой, эвлаяаш а. Советан ӏедал тӏедеъча къоман заза хилла эзарнарш нах хӏаллакбина. Тӏаккха халкъ махках даьккхина. Оцу бохамашна бехке ӏедална тӏе къайлах меттанаш кхоьхьуш, даррехь органашкахь гӏуллакх деш вайнах а ма хилла.
Хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь цхьацца ӏилманчаш бевлл шаып къоман «керла истори» язйо, бохуш. Хетарехь, цера ӏалашо ю 1917 - 1990 шерашкахьлерачу вайн халкъан историн тӏера 1917 - 1920 шерийн граждански а, 1941 - 1945 шерийн Сий лахь-Боккхачу Даймехкан а тӏемийн турпала агӏонаш дӏаяйа Асланбек Шерипов нажжаз ван луурш а бевлла. Тӏаьххьарч тӏеман ветеранийн а, Советски Союзан Турпалхойн а цӏераш тӏаьхь-тӏаьхьа кӏезиг хеза зорбанехь. Хьалхарчара - большеви кийн ӏедалехьа къийсарна, шолгӏачара - Советски импери ларъ ярна.
«Керла истори» язъярхоша схьалаьцнарг шайл хьалха хил ларг дерриге а бехдина, сийсаздина дӏа а даьккхина, керлани кхолла гӏиртинчу большевикийн амал ю.