Ӏаккха оцу керлачу цӏа чу а волий, шираниг вовшах а доккхий, унах мегаш йолчу коьчаллех шен бахамехь пайда оьцу. Вай |хӏун дина? Ваьш чохь дехаш долу дика, цӏена цӏа тишделла, ширделла ;«ьлла дохийна вовшах а даьккхина, шерачу меттехь керла цӏа нДяхӏотто доьлла. Иза дӏахӏотто ахча а, коьчалш, пхьераш а бац вайн! Советаш дӏаса а хецна, церан меттана халкъо хаьржина а Йоцуш, большевикийн ревкомех, комбедех тера Ханна комите-раш кхоьллира. Тӏаккха яртийн урхаллаш хаьржира, амма дукха сан ялале уьш дӏа а яьхна, беккъа цхьа юьртдай битира. Уьш а салкъо хоржуш бац, лакхара охьа дӏахӏиттабо, цундела царна Калкъана хьалха шаьш цхьана а тайпана жоьпалле ца хета. Октябрьски революци хиллачул тӏаьхьа Россехь санна, цхьана юккъехь шишша ӏедал нисделира Нохчийчохь а: шиъ парла-мент, шиъ чоьхьарчу гӏуллакхийн министр, шиъ генеральни про-курор, шиъ муфти, шиъ мехк-кхел, шишша юьртдай, колхозийн председательш, совхозийн директорш и. д. кх. а. Шовзткъа герг-га политически тобанаш а, юкъараллин боламаш а. Республи-кехь хӏоьттина чолхе юкъараллин-политически, социально-эко-Яомически хьелаш кхин тӏе а чолхе дехира цара. Колхозаш, сов-Козаш цхьаерш йохийна, талийна, йиснарш халла сауьйзуш ю. ачхьалкхан, юкъараллийн предприятеш, гӏишлош, латтанаш а ьацца наха шайн доладерзош ду. Ялташ дӏадеран а, чудерзо->ан а, даьхний кхабаран а, кхиоран а бала бац ӏедалан.