Газ ца йигначу ярташка машенашца тӏекхоьхьуш газ латтайора. Ӏалам лардора. Уьш а, кхин а вайна тӏехӏиттина халонаш хир ма яцара тахана, вай хьалхалера пач-хьалкхан а, бахамийн а структураш цхьана дийнахь йохийна дӏа ца яьхнехь.
Мила ву бехке? Уггар хьалха — республикан куьйгалхой, ш олгӏа — вай дерриге а. Пачхьалкхан а, шариӏатан а, я къоман ӏадаташ а, законаш кхочушдан ца лууш долу. Вайна ца хаьа я ца лаьа яртийн, колхозийн, совхозийн, кхечу бахамийн а коьрте ӏилма, хьекъал, кхетам болуш, оьзда, хьанал нах хӏитто а, уьш! законехь болх бан гӏоьртича цаьрга ладогӏа а, царна гӏо дан а.' Вайна хӏоранна а шен тайпанах, гарах, некъех, цӏийнах стаг хила лаьа куьйгалхо. Вайна хӏоранна а ша-ша эла хила лаар ду вайна бохаме даьлларг.
Наха республикехь хӏиттина чолхе политически, социально-экономически, криминальни а хьелаш далхийча, бехказло ка-райо ӏедалан куьйгалхошна а, цунна бохкабеллачарна а. «Рос-сехь а, кхечу республикашкахь а ду вайгахьчул а хала хьелаш,: цигахь а ду къолаш, талораш, адамаш лечкъор, дайар, кхидолу зуламаш а», — олу цара. Цунах маслаӏат ца хуьлу къинхьегаман' халкъана. Бакъду, тоделла хьелаш Россехь а, хьалхалерчу Со-? юзан республикашкахь а дац. СССР йоьхча республикашна юкъа-1 ра экономически, бахамаллин а зӏенаш хедда, дуккха а промыш-з ленни предприятийн белхаш севцца, белхазалла ю. Уьш дерриг^ а вайх хьакхаделла, уггар хьалха. Тӏехула тӏе, российски ӏедало вайн республикана массо а агӏор блокадаш хӏиттош, и халонаш вайна алсам а ю.
Халонаш, баланаш, бохамаш а лан исторически ӏемина нохчийн халкъ. Амма Россехь а, кхечу республикашкахь а до изза бохуш, къолаш, талораш дан, адамаш лечкъо, дайа, маларех, нар-: котикех а йохк-эцар ян еза вай? Цигахь барт боьхча, вайн барт а боха беза, уьш вовшех летча, вай а вовшех лета деза? Хӏинццалц вайл цӏена бусалбанаш а, вайл оьзда къам дуьненахь а дац бохуш дозаллаш деш ӏийна вай зуламхошкара масал эца, царех тардала хӏунда гӏерта? Нагахь санна, вай цӏена бусалбанаш делахь, хьанал, цӏена, машаре, бертахь дехачу адамашкара, хал^ къашкара масал хӏунда ца оьцу вай?