Цундела шайн хӏусамаш борахчу мехах дӏаюхкуш я дӏа а туьйсуш уьш вайн махкара дӏаоьху, бохуш. Цкъа-делахь, лакхахь ма-аллара, бусалба дино магош дац бусалбанна а, керистанна а тӏехь и къизаллаш, харцо-наш, ямартлонаш лелор. ӀНолгӏа-делахь, вайн республикан Кон-ституцис цхьатерра бакъонаш елла вайн махкахь дехачу массо а къомах, муьлххачу динехь а долчу адамашна, и бакъонаш ларъ-ян тӏе а лаьцна, царна ницкъ бар, уьш сийсаздар а дихкина. ЩЬусалба дино а, Республикан Конституцис а шайна тӏедехкина |декхарш кхочушдеш боцчу, уьш тергал ца дечу нохчаша сий :дойу вайн къоман, церан къизалла, сутаралла, иман дацар, ӏедало а, халкъо а уьш таӏзарза битар мацца а цкъа зуламе, бохаме дер ду дерриг а нохчийн къомана.