Цхьана стага шен доьзалан, юьртан, ткъа цхьа кӏеззигчу наха мехкан, къоман сий айдо, сий а дойу. Кхузахь, вайн махкахь, цхьана нохчочо кхечу къомах стагана зулам дича, иза сийсазви-ча, оцу стеган къомана иза дӏахезий, массанхьахула кога до-лий даьржа. Я кхечу къома юкъахь нохчочо зулам дича, ада-малла доцург, оьзда доцург далийтича, берриг а нохчий иза санна бу моьттуш, вайн къоме цабезам, цатешам а кхоллало церан, тӏаккха иза вайн дерриг а къомана зуламехьа доьрзу. Вайн къам ца дезачара, къаьмнашна юкъахь барт, машар, гергарло а хила цалуучу шовинисташа, националисташа, экстремисташа, кӏеззигниг дестош, гаайггара тӏекхуллуш, марсадохуш пачхьал-кхан тӏегӏанехь эладитанаш даржадо. Цунна тоьшалла ду Моск-вахь, Петербургехь, Россин кхечу областашкахь а нохчашна дуь-хьал дӏахьош йолу кампанеш, масех шо хьалха Казахстанера нохчий нуьцкъашха арабахар а.