Ткъа вайн президента а, кхечу куьйгалхоша а телевиденехула Россин президентана «хьакха», «чангӏалкх», кхин доьхнарг а олу. Москвахь вай ца дезачара вайх лаьцна эладитане дешнаш аьлча, вешан шина автоматан чаппагӏаш мет-тахъхьееш, Росси а, Европа а сийначу цӏарах ягор ю, ООН а дӏасалоллур ю бохуш кхерамаш туьйсу, дуьнене а, «бӏов» бохуш, хабарш дуьйцу, кхечу къаьмнийн а, пачхьалкхийн а чоьхьарчу гӏуллакхашна юкъагӏерта.
Вайн дайша а ларйина шайн маршо, вай а ларйийр ю, нагахь санна Россин эскарш Нохчийчу гӏортахь, цхьа салти дийна ца вуьтуш, вай берриг а бойур бу уьш, вайна гӏо дийр ду ерриг а бусалба пачхьалкхаша бохуш, гӏазотана кегийрхой ир-кара хӏиттош, карзах бохуш лела цхьа зуламе нах а. Ткъа президента. а аьлла, нагахь санна Россин эскарш Нохчийчу гӏортахь, уьш кхузара дӏалаьхкина ца ӏаш, вай тӏом церан махкахь бийр бу. Сонта къамелаш ду уьш.
Дуьненахь цхьа миллион бен бац нохчий, ткъа царех 1989-чу шеран хьесапашца Нохчийчохь вехаш верг 734500 ву. Оцу цхьа миллион нохчийн — къеначийн, зударийн, берийн а кара ракеташ елла вай дуьхьал девлча а, иттаннаш, бӏеннаш миллионаш ада-маш долчу яккхийчу, нуьцкъалчу пачхьалкхел а, къаьмнел а тоьлар ма бац нохчий. Ткъа Россис Нохчийчу агресси яхь, тӏом болабахь, нохчашна гӏоьнна орцах девр дац дуьненара цхьа а я бусалба а, кериста а халкъаш, цхьа а пачхьалкх а. Нохчийн къо-мана тӏе дукха бохамаш баьхкина хӏокху тӏаьхьарчу кхаа бӏе шарахь, иттаннаш шерашкахь Россина дуьхьал тӏом а бина цо, амма дуьненара бусалба а, кериста а цхьана а пачхьалкхера а, халкъера гӏо ца хилла нохчашна я хӏинца а, тӏаьхьа а хир дац. Ткъа Россис Нохчийчу агресси йича, нохчашна гӏоьнна герз ке-рахь хьала а гӏевттина, шаьш хӏаллакдайта сонта дац вайна лу-лара халкъаш. Вайгахьа гӏо доккхуш дош ала а даьхьар дац. Нохчашна цахаарх шайн истори, царна дика хаьа шайн истори-чески дӏадаханарг, Россина дуьхьал тӏемаш бича шайн дайшна мел пайда хилла а.