— Бац дера, — элира кӀанта. — Ас жиммал хьошалла дан мегар дарий хьуна, йий1 а эцна, кху терраси тӀехь са а доӀуш, тӀаккха хӀумнаш дӀахьур йара вайшимма?..
— ХӀунда дацара? — элира воккхачу стага. — Вайна, кӀенташна, йукъахь.
Терраси тӀе хьала а ваьлла, охьахиира и шиъ. Цхьацца чӀерийлецархо бегаш бан хӀуттура воккхачу стагца, иза огӀаз ца воьдура. Вукхеран, баккхийчеран, цуьнга хьаьвсича, дог духура. Амма цара иза ца гойтура, цара цхьацца гӀиллакхе къамелаш дора, хӀордах лаьцна, кӀоргаллах, тийналлах, эрна чу кхийсинчу лесканех, хенан хӀоттамах, иштта кхин а шаьш лайначех. Оцу дийнахь кайаьлла чӀерийлецархой а бара Терраси тӀехь. Уьш бевллера, шаьш лецна чӀерий теда а тедда, цӀан а дина, дакъош дечкаш тӀе а оьхкина, гӀура-машен схьакхаччалц уьш цхьана цӀа чу охьадехкина. Цара цигара Гаване базара дӀахьур ду уьш. ГӀоркхмаш лецначара уьш бухтин2 вукху агӀор йолчу гӀоркхмийн фабрике дӀабаьхьнера. Фабрикехь уьш, коьжалгаш тӀе хьала а ухкий, чуьйраш а, пелагаш а дӀа а дохий, тӀера цӀока дӀа а йоккхий, дилха хеда а дой, туьханца дурдора.
Механ Ӏаь малхбалехьара хилча, бухтина тӀехула а йолий, чӀерийн хьожа кхочура фабрикера схьа, амма тахана халла тосалуш йара хьожан йист, хӀунда, мох, къилбехьа дӀа а лестина, дӀабайра, цундела Терраси тӀехь дика дара, малх а бара.
— Сантьяго, — кхайкхира кӀант.
— ХӀан? — элира воккхачу стага.
Стака айббинчохь, ойланаша генарчу шерашка дӀаваьхьна, вогӀавелла лаьттара иза.
— Кхана хьуна бахьа сардинаш3 баийтахьа соьга, мегар дуй?
— Ца оьшу. ГӀой, цхьа жимма бейсболах ловза хьайна, пийсакаш соьга хӀинца а лелалур ду, ткъа Роджера ов4 чутосур.
— Суна-м хьоьца ван лаьара. Нагахь хьоьца ван ца магахь, хӀуъу дина а, цхьа пайде хӀума дан лаьара суна.
— Ахь йий ма эцна суна, — элира воккхачу стага. — Хьох хӀинца баккъал а стаг хилла.
— Мел хан йара сан, ахь со дуьххьара гӀикхна тӀе эцча?
— Пхи шо. Хьо цхьана мӀаьргонна вуьйш ма лаьттара ас, и боккха чӀара гӀикх тӀе хьалабоккхуш. Вайн гӀикх отуш ма лаьттара цо, дагадогӀий хьуна?
— ЦӀога детташ, цо чаьнчакх кагъеш дагадогӀу суна, тӀаккха ахь, чхьонкар5 йетташ, кеглучу даьӀахкийн гӀара а. Ахь, со тӀедачу лескин гул-
Йий — шех жиммал алкоголь йолу малар.
Бухта — хинкеманаш дӀахӀитто меттиг.
Сардина — кегийчу чӀерийн тайпа.
Ов — чӀара лаца йина бой.
Чхьонкар — дечигах дина герз (дубина)