Ахь, со тӀедачу лескин гулбинчу хӀазаршна йукъа а кхоьссина, тӀаккха и дерриг гӀикх дегош, ахь йетта чхьонкар а, дечиг доккхуш санна, йуха массо меттехь цӀийн мерза йаьржина хьожа дагайогӀу суна.
— И дерриг билггал дагадогӀу хьуна йа ас дийцинера хьоьга иза?
— Вайшиъ дуьххьара дӀаволавелчахьана динарг дерриг а дагадогӀу-кх суна.
Воккха стаг шен малхо беттинчу, безамах буьззина болчу бӀаьргашца хьаьжира кӀанте.
— Хьо сан кӀант велхьара, ас, хӀуъу хилча а, вуьгур вара хьо, — элира цо. — Амма хьо хьайн ден а, ненан а ву, цу тӀе, ирсечу кеманахь а ву.
— Ас сардинаш бан мегий хьуна? Цу тӀе, кхин йиъ керла чӀеро кхоллург йара сан кечйина.
— Сан тахана йиснарш йолуш ма йу. Ас, туьхала а карчийина, йаьшки чу йехкина уьш.
— Керла йиъ схьайаийтахьа соьга.
— Цхьаъ, — элира воккхачу стага.
Цкъа а дахаре болчу тешамах а, сатийсамах а догдиллина вацара иза. ХӀинца уьш йуха а сема до, дайнчу дерзо, бурко йойуш, самадоккху дуьне санна.
— Шиъ, — элира кӀанта.
— Шиъ, — резахилира воккха стаг. — Лачкъийна-м йац уьш?
— Ас лачкъор-м йара, — элира кӀанта, — амма уьш ас эцна.
— Баркалла, — элира воккхачу стага. Ша, къар а вина, муьтӀалле валош деанчун ойла йан дукха догцӀена вара иза. Амма иза деанийла-м хаьара цунна, хаьара, иза эхь доцийла а, бакъйолу куралла эшо.
— Кхана хаза де хила там бу, хӀорд тийна а болуш, — элира цо.
— Хьо мичхьа ваха ойла йолуш ву? — хаьттира кӀанта.
— Генна йуккъе, мох айбабелча, йухаван. Сахилале аравала дагахь ву со.
— Сайца верг а генна йуккъе вало хьожур ву со, — элира кӀанта. — Нагахь ахь боккха цхьаъ лацахь а хьуна гӀодан аьтто хирриг.
— Генна йуккъе дӀавахар башха дезаш вац иза.
— Вац, — элира кӀанта. — Амма ас сайна геннахь цхьаъ гинчух кеп хӀоттор йу, масала, олхазар делахь, стиглахь хьийзаш йа дельфинна тӀаьхьахаьхкна аьлла, валор ву.
— Иштта ледара бу цуьнан бӀаьргаш?
— БӀаьрзе ву ала мегар ду цунна-м.
— Ма тамашийна хӀума ду иза, — элира воккхачу стага. — Цкъа а уьнтӀапхьидаш лоьцуш лелла а ма вацара иза. Цо санна бӀаьрса дойуш хӀума дац цхьа а.
— Хьо-м ма лелла Москито Костехь уьнтӀапхьидаш лоьцуш масех шарахь, хьан бӀаьрса-м дика ма ду хӀинца а!
— Со цхьа шатайпа воккха стаг ма ву.
— Амма бакъал а боккханиг лацахь, цуьнца ларо ницкъ тоьар буй-те хьан?